ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровна коьртах тIара тоьхна" инарла Алаудинов Апти даржера дIаваьккхина Путина


Алаудинов Апти, Кадыров Рамзан, Алханов Руслан
Алаудинов Апти, Кадыров Рамзан, Алханов Руслан

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омрица даржера дIаваьккхина 2011-чу шарахь дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллин буьйранчин гIовс лаьттина инарла-майор Алаудинов Апти. ТIаьххьарчу хенахь иза наггахь бен ца нислора официалан барамашкахь – хуьлучу Iедалан, мехкан куьйгалхочун кхеташонашкахь.

Инарла-майор Алуаудинов тIаьххьара хьахийна меттиг ю Британино санкцеш кхайкхош даьржина тептар. Лондон тешна ю инарла декъахь а волуш Нохчийчохь нах хьийзийна хиларх.

  • 2019-чу шарахь "Новая газето" яздира, Алаудиновна хиллачу "хьовзамах" лаьцна – цо "суьрта тIехь волчу Кадыров Рамзананна бегашбеш коьртах тIара тоьхна". Ткъа ша инарлас иза бакъ дац, элира, мехкан куьйгалхочунна мутIахь хилар шен видеокъамелехь билгал а доккхуш.
XS
SM
MD
LG