ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Кхеташонехь Оьрсийчоь декхарейо Нохчийчохь нах хIаллакбарх йолу информаци талла


Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссара Миятович Дуняс Оьрсийчоь декхарейина "сихонца, озабезам боцуш, йозуш йоцчу кепехь талла" Нохчийчохь, кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" яржийна информаци. Журналисташа бина хаам "дегIе зуздоуьйтуш " бу, аьлла Миятовича.

"Оцу инзаречу зуламийн декъахьболу массо а нах, нагахь санна иза бакъ нислахь, церан официалерчу статусе ца хьоьжуш, жоьпе ийзо беза " аьлла Европан Кхеташонан комиссара дина къамел довзуьйту "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", "Мемориало" тIе ца оьцу иза шена – редакцин билгаладаккхар).

Миятовича харцо ю аьлла, "ларамечу" "Новая газетан" журналисташна "тIелер, эладитанийн компани дуьхьалгIаттор, кхерамаш тийсар".

"Массо а халкъан дуьхьа нийсонца болх барна бозуш боцу журналисташ, бакъоларъярхой таIзаршна буха ийзочул, цаьрца цхьана хила деза Оьрсийчоьнан Iедал, латто еза цо царна шайн декхарш кхочушдан паргIато а, кхерамзалла а. Изза хьал хилийта деза адамийн бакъонаш талхор довзуьйтучу тешашна а, церан гергарчарна а. Оьрсийчоьнан Iедална тIехь ду уьш Iалашбар", – дIахьедина Европан Кхеташонан коьртачу бакъонашларъярхочо.

Ша къамел дина 2016-2017-чу шерашкахь лецна нах Нохчийчохь байъар "Новая газете" дийцинчу, Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полкехь болх бинчу Гезмахмаев Сулиманца, цо дуьйцург догIу Iедалх йоцчу хьукматашкарчу информацица, аьлла Миятовича.

"Оьрсийчоьнан Iедало кхочушдан тIелаьцна адамийн бакъонех йолчу дуьненаюкъарчу стандартийн дош а, хатI а. хан кхаьчна и декхарш тIеэцарний, Нохчийчохь долчу ирчачу хьоланий юкъайоьлла башхалла яцъян", – боху, республикехь адамийн бакъонаш ца хеддаш талхош хилар билгал а доккхуш, Европан комиссаро.

  • 2017-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь нах хIаллакбеш дакъалацийтина Нохчийчуьрчу полисхочуьнга, ткъа иза Iедале латкъа воьлча, гей ву аьлла, вийна. Оцу хьокъехь яздира "Новая газето" дахначу оршотан дийнахь.
  • Цо арахецна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу хадаран полкан белхахо хиллачу Гезмахмаев Сулимана ден тоьшалла. Полисхо лаьттинчо дийцина ша Нохчийчохь нах лоьцуш болх барх а, и нах тIаьхьо байъарх а лаьцна.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG