ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабиба официалехь ерзийна шен UFC-ра карьера


UFC кепехь (дегIан яйн категорехь) чемпион волчу Дагестанерчу латархочо Нурмагомедов Хьабиба официалехь йитина шен карьера. Оцу хьокъехь яздо твиттерехь UFC-н куьйгалхочо Уайт Дэйна.

"Иза 100% пенсехь ву. Хьан болх тергалбеш инзаре хаза хуьлура, баркалла хьуна доллучунна а, кхидIа хиндерг тергал а деш, садаIа ахь, доттагIа", — яздина Уайта.

32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. UFC-хь 2012-чу шарахь дуьйна вара иза, цигахь 13-зза тоьлла иза.

Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт ютуш хилар. Шен нанна дош делла ша иза тIаьххьара латар хир ду шен аьлла, цунна ца лаьа тIера да, Нурмагомедов Iабдулманап, дIаваьлча ша лиэтийла, элира Хьабиба (ткъа да велира цуьнан коронавирусах стохка аьхка).

Оьрсийчоьнан самбо чемпион велира Нурмагомедов Хьабиб 2009-чу шарахь, эскаршкахь леташ а, Европан панкратионан чемпионатехь а туьйлира иза, 2012-чу шарахь хилира цунах NAGA Grappling кепехь дуьненан чемпион а.

XS
SM
MD
LG