ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Bellingcat: керла тоьшаллаш карийна Хангошвили вер толлуш


Украинерчу низамлардархошна керла тоьшаллаш карийна Хангошвили Зеламха вер толлучу бехктакхаман гIуллакхца доьзна. Шех Соколов Вадим олуш волу иза вийнарг Красиков Вадим Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашца юкъарлонехь хилар гойту цара. Оцу хьокъехь хаам бо Bellingcat, The Insider, Der Spiegel платформаша юкъахь арахецначу рогIерчу талламо.

Украинерчу Iедалан материалашна тIе а тевжаш, журналисташа яздо, кхин цхьаццадерг доцуш, дIасакхехьийтинчу хаамашлахь, электронан йозанашлахь, USB-флешашца низамхошна Красиков Вадим ыоызуьйту суьрташ карийна хиларх лаьцна. Карийначу зудаялорах долчу тоьшаллица карадаьхкинчу суьрташа а гойту и тоьшалла, боху талламчаша. Оцу суьрташ тIехь верг ву кху муьрехь Берлинехь кхеле валийна волу стаг. Иза вовзуьйту башхалла ю аьлла юьйцу материалехь цуьнан аьрру белша тIехь йолу тату.

The Insider-о бахарехь, Германин прокуратуро коьрта аргумент лара мегар ду Украинан Iедало Iорадаьккхинарг. Талламчаш тешна бу Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша, шаьш Германин территори тIехь стаг вен кечлуш, деллачу документашкахь “Вадим Соколов” аьлла къайлаваьккхинарг билггал Красиков хилар билгалдоккхуш хиларх.

  • 2019 шеран Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза. цуьнан бехк толлуш йолийна кхел ю йоьдуш карарчу хенахь.
  • Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIо дина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.
  • "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, элира президента Путин Владимира, Хангошвили верца боьзначу хааманна комментари еш.
XS
SM
MD
LG