ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах дийнахь-буса велла 25 стаг. Цомгуш хилла кхин а 436


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 25 кхелхина коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу пациентех, цомгуш хилла оцу уьнах кхин 436 стаг.

Официалан хаамашца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгарх 12 дархо, Ставропол-махкахь – 5, Дагестанехь – 4, ГIебарта-Балкхаройчохь – 2, Адыгейхь а, Кхарачой-Чергазийчохь – цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг ву 8 323 стаг.

Массанхьачул дукха бу дийнахь-буса ун кхетарца билгалбевлла нах Краснодар-махкахь – 125 стаг.

  • Краснодар-мохк + 125 (41 096 ерриг а хенахь)
  • Ставропол-мохк + 126 (49 360)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 54 (22 240)
  • Дагестан + 38 (30 562)
  • ГIалмакхойчоь + 27 (19 674)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 17 (16 158)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (19 484)
  • ГIалгIайчоь + 13 (15 007)
  • Нохчийчоь + 12 (11 532)
  • Адыгей + 11 (13 998)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 гучуяьлла 239 111-зза. Ерриг Оьрсийчохь, Iедалан хьостанаша Зазадоккху-беттан 20-чу денна довзийтарехь, коронавирусах цомгуш хилларг ву 4 447 570 стаг.*

*Оьрсийчоьнан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера пандемин терахьаш а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG