ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яйна школин дешархо лохучу метта, Навальныйн агIончин хIусамах хьажна полици Краснодар-махкахь


Молоданов Виталий

Краснодарна гергарчу Новомышастовская станицехь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой цIийнах хьаьвсина, левина жигархо Молоданов Виталий. Оперативан болх, хIоттийначу моттаргIанца а догIуш, боьзна бара яйна йолу станицерчу школин дешархо лахарца, амма полисхойн алссам балакхаьчна Молодановн протестан жигараллин.

Кавказ.Реалиига ша жигархочо дийцарехь, шоьтан Iуьйранна 7 сахь даьлча баьхкина ницкъхой. Телефонаш а, планшет а дIаяьккхина цара. ЦIийнах хьожуш, бахьаннина буха диллина Новомышастовская станицехь Дечкен-беттан 24-чохь иссалгIачу классехь доьшуш йолу йоI Костенко Виктория яр. 14 шо долу йоI лохуш ю хIинца а.

"Полисхоша, соьгахь и йолчу меттигах лаьцна я кхин цхьа информаци хила тарло, элира. ЙоI яле даьхкинчу деношкахь ас Краснодарехь [оппозиционерехьа] Навальный Алексейгахьа болчу барамехь дакъалаьцнера, цундела суна дика дагадогIу и де а, рогIерниг а. Куьпан инспектора хоьттура соьга, маца хир ю протестан роIгера акцеш, ехха дискусси иккхира тхойшиннан. Соьга, политикан бала кIезиг кхача беза, бохура полисхочо", – дийцира Молодановс.

Карарчу муьрехь жигархо тешаш статусехь ву йоI ярах долчу бехктакхаман гIуллакхехь. Цо шегара гаджеташ яхар а, ша левар а дузу шен жигараллица. Ца хаьа цунна, зийна я ца зийна, цIийнах хьоьжуш, хеттарш деш кхиболу нах.

  • Краснодар-махкарчу кхелаша Дечкен-баттахь Iедале хаттаза Навальныйгахьа хIиттийначу акцийн декъашхошна яздина 256 административан таIзаран протоколаш - "низамаша къастош йолу акцеш я алссам адамаш вовшахтоьхна барамаш дIабахьаран кеп талхорна а" олучу бехканна жоьпе ийзийна уьш. ДIадахначу шина шарахь оцу бехканна хIиттийначу проколийн барамца дуьстича, шозза гергга дукха ду уьш.
  • Дечкен-беттан 19-чохь Краснодарерчу жигархочун Антонова Янин цIабахна никъхой, делла цуьнга "низамехь йоцчу кхеташонашка, гуламашка" лелар доьхку кехат. Цо цул хьалхо чуделла хилла Краснодар-мехкан администрацин цIенна хьалха Зазадоккху-беттан 23-чохь пикет хIоттаяйтар доьхуш кехат – Елизаветинская станицехь школа йиллийта гIерта жигархой. Чуделлачу дехаро бахарехь, жигархой дагахь бара "Школаш ца тоар эхье ду губернаторна" йоза тIехь долу плакат каралаьцна латта.
  • участники пикета должны были держать плакаты с надписями "Нехватка школ – позор губернатора".

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG