ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Володин: "хьекъале кхажтасарна" тIехьа Малхбузера къайлаха сервисаш лаьтта


Пачхьалкхан Думин куьйгалхо Володин Вячеслав
Пачхьалкхан Думин куьйгалхо Володин Вячеслав

Пачхьалкхан Думин куьйгалхочунна Володин Вячеславна хетарехь, оппозиционера Навальный Алексейс юкъадаьккхина "хьекъале кхажтасар" – иза Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIерта кхоьллина проект ю.

Шен телеграм-каналехь цо яздина, проект схьакховдийнарш "дозанал арахьа бу", ткъа цунна тIехьа лаьтта, Пачхьалкхан Думин куьйгалхочунна гарехь, "Малхбузера пачхьалкхаш а, къайлаха сервисаш а".

"Хьекъалечу кхажтасарна" бухахь цхьа а маьIна дац, ду деккъа дIа "Iедале кхача лаар", аьлла хета Володинна.

Гезгмашин-баттахь хинболчу харжамех лаьцна, яздина Володина, коьртаниг ду уьш "конкуренци йолуш, парггIат, лигитимехь" чекхбовлар. "Вайна массарна а оьшу политикан демагоги тIера маьIна доллучу балха тIе дерзар", билгалдоккху цо.

"Хьекъале кхажтасар" – иза ду, Навальный штабо юьхьаръэцначу технологица а догIуш, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партерчу кандидатна дуьхьалаьттачех уггаре дукха харжамхой шегахьа болчу кандидатна, иза муьлхачу партера ву а ца хьоьжуш, кхаьжнаш дIабалар. 2019-чу шарахь Москва гIалин Думин харжамашкахь, шайн-шайн каппашкахь волчу 45 кандидаташлахь туьйлира "хьекъале кхажтасар" боламо къобалвина 20 кандидат – проектан уггаре боккха толам ларало иза. Навальныйс юкъаяьккхинчу оцу технологина гонах къовсамаш латтабо оппозицино, масала, "Яблоко" партин векалша чIагIдарехь, оцу кепах пайдаоьцурш дукха хьолехь коммунисташ я демократина дуьхалболу ницкъаш нисло.

Тахана набахтешкахь бохкучу Новальныйн агIончаша аьшнашка даьккхина Володина машанашкахула дина къамел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG