ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьритIера схьаваьлла стаг ву Беларусан президент Лукашенко Александр хийца тарлучу нахалахь


Беларусехь чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Караев Юрий
Беларусехь чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Караев Юрий

Лукашенко Александра, ша Гродно кIошта вахана волуш, хьахийна Беларусин президентан дарже шел тIаьхьа хIитта тарлуш болчу даржхойн цIерш - шиннан цIе ю яьккхинарг. Цхьаъ ву царех Къилбаседа ХIирийчуьра схьаваьлла Беларусан милицин инарла-лейтенант, хьалха чоьхьарчу гIуллакхийн министр хилла Караев Юрий.

27 шарахь пачхьалкхан коьртехь Iачу Лукашенкона стохка дуккха а бахархоша дуьхьалъехира протестан акцеш, уьш ницкъаша дIалакъийра, и дерриг а юьхьаръэцначух тера ду цо - "Молочный мир" фирмерчу белхалошца къамел деш цо элира, хенан йохалла кхин президенташ а хир бу Беларусехь.

"Ас шуна гаранти ло. ТIаккха дустур аш дерриг а, кхетар ду шу. Ткъа цкъачунна собар деха шайна", – аьлла президента.

Лукашенкос бахарехь, иза хийцарца дерг къасталур ду харжамашкахь, хила тарлуш волу кхин цхьа кандидат ву Гродно областан администрацин куьйгалхо Караник Владимир.

"Кхузахь сан ши стаг ву (Караев а, Караник а), цара дакъалаца тарло президентан харжамашкахь, ондда кандидаташ хир бу уьш. Цхьаъ инарла ву, важа – губернатор. Къона, керла цкъор, кхетам болуш, кху мехкан мах бевзаш", – билгалдаьккхина Лукашенкос, шен кIентех цхьа а шен метте гIертар воцийла а хьахош.

Караев Юрий Беларусан чоьхьарчу гIуллакхийн министр хIоттийра стохка протестан гуламаш марсабевллачу хенахь – гурахь. Цуьнан куьйгакIелхьарчу ницкъхоша гIелонаш латтийна шаьш лоьцучу демонстранташна тIехь, таIзарш деш, сийсазбеш, тоьшалла до дукха наха. БIеннашна йина чевнаш юкъабаьккхинчу лерринчу гIирсо, етташ лазийна изоляторшкахь дукха нах. Масийтта стаг вала а велла.

Ша Караевс цхьана юкъанна къинтIера бовлар дийхира бахархошка шен белхахой къиза хьовзарна, амма и къизалла латтайора ларамза лецначу бахархошца а тIехь. 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь Караев президентан гIоьнча хIоттийра – Гродно областан инспектор.

  • 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна Беларусан гIаланашкахь дIабоьлху президентан харжамийн жамIашна резабоцчийн гуламаш. Официало, дуккха а хьалха а волуш, тоьлла лору Лукашенко Александр. Оцу жамIашна реза бац протестхой, цара харжамашкахь тоьлла президент лара еза Тихановская Светлана, боху. Тихановскаяс дош делла керла, маьрша харжамаш дIабахьа.
  • Европан Бартан мехкаша, Британино, Цхьанатоьхначу Штаташа, Канадас лигитимехь ца лору Лукашенко, санкцеш яьхна Беларусан Iедалхошна дуьхьал, кхайкхамаш бо керла харжамаш дIабахьаре.
  • Караев вина 1966-чу шеран Мангал-беттан 21-чохь БуьритIехь. 1987-чу шарахь цо чекхъяьккхина Саратовра тIеман буьйранчийн доьшийла, эскарехь хилла Могилев гIалахь, цул тIаьхьа хилла Советан пачхьалкхан Минскерчу Чоьхьарчу гIуллакхийн оперативан полкехь. ТIом бина цо Ломан Карабахехь. 1992-1994 шерашкахь лаьттина Беларусин чоьхьарчу гIуллакхийн лерринчу ницкъийн Iамораш дIахьочу ротин коьртехь.
XS
SM
MD
LG