ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло гIодийр ду ХьаьжцIа бахнарш коронавирусах Iалашбеш


Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло (WHO) шен официалерчу сайтехула хаам баржийна ша 2021-чу шарахь гIодийр ду баккхий барамаш дIабахьа леринчу Малхбалерчу пачхьалкхашна COVID-19 цаяржийта бечу балхаца, шайлахь бусалбанийн ХьаьжцIа бахар а долуш, аьлла.

"Алссам адамаш гуллучу барамаша лакхабоккху COVID-19 цамгар яржарна болу кхерам. Оцу барамаша аьтто ло Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетараллина, мехкашна юкъарчу медицинан низамашца а догIуш, пачхьалкхашна медикийн коьрта потенциал чIагIъян", –аьлла Цхьаьанкхетараллин Малхбалерчу декъан директора Ал-Мандхари Ахьмада.

Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло билгалдаьккхина, "СаIудийн Iаьрбийчоьнан пачхьалкхо къобалбо и сацам, Iумрат а, хьаж а дечу муьрехь "дерриг дуьнентIера вуно дукха адамаш вовшахкхетар дуйла а кхетош", аьлла.

СаIудийн Iаьрбийчоьнан могашаллин министра Ар-Рабийа Тауфика дIахьедина, арахьара нах махка зерат дан бахка магочу хьолех коьртаниг ду коронавирусна дуьхьал вакцинаци йина хилар, аьлла. Хьаьжой декхаре хир бу зерат дечу ерриг а хенахь маcканаш лело а, дистанци кхаба а, дезинфекцин кочаллех пайдаэца а.

2020-чу шарахь коронавирусан пандеми бахьана долуш СаIудийн Iаьрбийчоьно ХьажцIа баха некъ ца биллира арахьарчу нахана, 10 эзар бен вацара ХьажцIахь хилларг – бухара бахархой а, тIебахккарх махкахь бисина кхечу мехкашкара нах а. Ткъа 2019-чу шарахь фарз кхочушдан дерриг а дуьнентIера бахара 2,5 миллион нах.

  • Эха шарахь къевлина лаьттина некъ Макка ваха биллира дIадахначу шеран гурахь.
  • ХьаьжцIа кхача нахана аьтто бечу цхьана туроператоро гайтарехь, зерат дийриг кхушара дала дезар ду 3000 доллар гергга ахча (200 000 соьмал совъоьккхуш).
XS
SM
MD
LG