ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 20 стаг


Къилбаседа Кавказехь яхначу дийнахь-буса велла коронавирусан уьнах 20 стаг. Вирус къаьстина кхин а 417 стагаца.

Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 13 дархо, Ставрополан махкахь кхелхина - виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, ГIалмакхойчохь - цхьа пациент велла.

Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 8 363 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Краснодаран кIоштахь - 124 стаг.

Краснодаран кIошт + 124 (41 343 ун даьржчихьана)
Ставрополан мохк + 111 (49 586)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 53 (22 346)
Дагестан + 40 (30 642)
ГIалмакхойчоь + 27 (19 729)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 18 (16 194)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 17 (19 516)
ГIалгIайчоь+ 10 (15 028)
Нохчийчоь+ 10 (11 553)
Адыгей + 8 (14 006)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш ву 239 950 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Зазадокху-беттан 22-чохь, Оперативан штабан зерашца, 4 466 153* стаг.
Оьрсийчоьнан официалан статистико чоьте эцна аннекси йинчу ГIирмера хьал а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG