ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах дийнахь-буса велла 22 стаг. Цомгуш хилла кхин а 383


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 22 дархо. Вирус къаьстина кхин а 383 стагаца.

Оперативан штабан зерашца, тIаьххьарчу 24 сахьтехь COVID-19 вирусах кхелхина Краснодаран кIоштахь 12 пациент, Ставрополан махкахь велла - пхиъ, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана коронавирусах велла лоруш ву 8 385 стаг.

Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу лараршца цомгаш нах Краснодаран кIоштахь - 119 стаг.

Краснодаран кIошт+ 119 (4I1462) ун даьржичхьана)
Ставрополан мохк+ 81 (49 667)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 52 (22 398)
Дагестан + 42 (30 684)
ГIалмакхойчоь + 25 (19 754)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 16 (16 2I0)
Кхарачой-Чергазийчоь + 18 (19 534)
Нохчийчоь + 12 (11 565)
ГIалгIайчоь + 9 (15 037)
Адыгей + 9 (14 022)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 гучуяьлла 240 333 вахархо ву.
Ерриг Оьрсийчохь, Iедалан хьостанаша Зазадоккху-беттан 23-чу денна довзийтарехь, коронавирусах цомгуш хилларг ву 4 474 610 стаг.*

*Оьрсийчоьнан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера пандемин терахьаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG