Соьлжа-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъан куьйгалле хIоттийна капитан Айдамиров Дени - Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан стунвешин кIант ву. Хьалхо махкарчу Росгвардин хадархойн пунктан хьаькам вара иза. 2020-гIа шо доьрзуш Кадыровн орденца совгIат дира цунна.
ХIинццалц Соьлж-ГIаларчу полицин коьртехь хилла Ирасханов Аслан республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс хIоттийна. Нохчийчохь кхел йоцуш нах байъарх лаьцначу "Новая газетан" материалашкахь вуьйцуш а ву Ирасханов.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто санкцеш кхайкхийна Соьлж-ГIаларчу полицин коьртерчу Ирасханов Асланна дуьхьал, «йина кхел а йоцуш, 27 стаг верна».
2016-чу шарахь Кадыровн цIийнах 99 стаг вара пачхьалкхан лакхарчу даржашка эцна.
Чиллан-баттахь Соьлжа-ГIалин мэр вира 28 шо долчу Кадыров Хас-Мохьмадах.
20 шо долу Кадыров Рамзанан йоI Кадырова Хадижат школазхойн дешаран департаментан хьаькам хIоттийра.