ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремль: "Оьрсийчоьнан цхьахйолу вакцина" яйтина Путин Владимира


Коронавирусна дуьхьал маха тохийтина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, карарчу хенахь дикачу хьолехь ву иза. ТАСС агенталле шинарин дийнахь пресс-секретаро Песков Дмитрийс хаам барехь, кхаара дуьззина белхан де ду президентан.

Хьалхо Песковс кхетийра, Кремло цхьана хIуманна цIе ца йоккху, муьлхачу вакцинех пайдаэца лерина ву Путин, "Оьрсийчоьнан кхуьй вакцина тешаме а, пайден а ю" аьлла, тIе а тухуш.

Кхечу пачхьалкхийн политикаша санна, нахана а гойтуш, ца тохийтина шена маха президенто, билгалдоккху ТАСС агенталло.
Песковс дийцарехь, камераш тIе а хьовсийна прививка ян ца лиира Путинна, цунна "ца деза ишта хIума".

Путинан вакцинацех яздечу Би-би-си-но хаам бо, Кремло оцу хиламан цхьа а сурт зорбане даьккхина цахиларх. Путинан суьртийн метта цара сайте хIиттийна маха тухучу хенахь даьхна кхечу политикан лидерийн суьрташ. Ду царлахь Британин премьер-министран Джонсовн Борисан а, Американ президентан Байден Джон а, Венесуэлан президентан Мадуров Николасан а, цхьа могIа кхин болчийн а суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG