ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан пачхьалкхаша санкцеш кхайкхийначу Висмурадовна пачхьалкхан лаккхара совгIат дина


Висмурадов Абузайд
Висмурадов Абузайд

Кху деношкахь Европан санкцешна буханисвеллачу Нохчийчоьнан вице-премьерна Висмурадов Абузайдана 1-чу бараман орденца совгIат дина, "Даймехкана динчу гӀуллакхашна" аьлла. И хаам баржийна инстаграмерчу шен агIонехь туризман министро Байтазиев Муслима.

Иштта совгIаташ дина республикерчу даржашкарчу кхечу нахана а. Вице-премьерна Усмаев Вахьидна елла "Даймахкана динчу гIуллакхашна аьлла IV-чу даржера орден, ткъа ГИБДД-н леринчу ротан командирна Магамадов Исламна а, Невран-кIоштарчу ГИБДД-н декъан куьйгалхочунна Уматгериев Рустамна а Къонахаллин орденашца совгIаташ дина.

"Патриот" цIарца махкахь гоьваьллачу Висмурадов Абузайдна кху деношкахь дикхира Евробертан пачхьалкхашка ван. Европан кхеташонна хетарехь, Нохчийчохь ЛГБТ юкъараллан векалш лоьхуш, тIаьхьабевллачийн куьйгалла деш ву ша Висмурадов.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министарллан санкцийн тептаре ваьккхира ГIуран-баттахь Усмаев Вахьид а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG