ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 стаг


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 25 дархо кхелхина коронавирусан уьнах. Вирус кхаьстина кхин а 418 стагаца.

Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла 11 стаг, Ставрополан махкхахь - пхиъ, Дагестанехь - виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а, Нохчийчохь а цхьацца велла тIечIагIдинчу лазарх.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана велла COVID-19 вирусах 8 410 стаг.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь гучудаларца, Ставрополан кIоштахь бу дукха цомнаш нах - 120 стаг.

Ставрополан мохк + 120 (49 787 ун даьржичхьана)
Краснодаран кIошт+ 118 (41 580)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 51 (22 449)
Дагестан + 43 (30 727)
ГIалмакхойчоь + 26 (19 780)
Кхарачой-Чергазийчоь+ I6 (I9 550)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 16 (16 226)
ГIалгIайчоь + 10 (15 047)
Нохчийчоь + 10 (11 575)
Адыгей + 8 (14 030)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш ву 240 751 дархо. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирусца 4 483 471* стаг.

Аннекси йинчу ГIирмера хьал а чоьте эцна Оьрсийчоьнан официалан статистико.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG