ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магамадовн а, Исаевн а цIийнах болу нах бигна хилла полисхоша. Шина кIентан да-нана лоьху цара


Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а
Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а

Нохчийчохь Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а 20 гергга цIийнах болу нах лецна хилла полисхоша, цу шиннан да-нана долу меттиг йицийта Iалашонца. "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" бина цунах лаьцна хаам. Дийцарехь, буьйса юккъе яхначу хенахь берриш а маьршабаьхна, цIа бахийтина.

Хьалха-Мартанарчу СаIди-кIотарара Исаевн а, Магамадовн а гергарнаш лецнера аьлла, дуьйцу "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан" секретаро Бесцвет Тима. Цо чIагIдарца, 20 гергга стаг лаьцна вигина хиллера ницкъаллийн структурийн белхахоша.
Буьйсанна ши сахьт даллац хеттарш деш, лебина уьш, Магамадовн а Исаевн а гергара нах болу меттиг йийца бохуш. Цул тIаьхьа дIахецна Нохчийчуьра бахархой, уьш лацарх протоколаш а ца хIиттош.

Уьш леца объективе бахьанаш хила а ца хилла, аьлла, билгалдаьккхина Бесцвет Тима, "Новая газето" яздарехь.

Серноводскан кIоштан полицин декъехь адвокат лаца бакъо дIайоккхуш куьйгаш яздайтинчул тIаьхьа, Нохчйичохь лаьцна латточу шина кIентан да-нана махкара араделира. Дас чIадарца, цунна кхерамаш тийсина полисхоша, тIехь ницкъбеш.

Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.

Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла, мукIарло дина Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдо меттигерчу Iедалхоша.

Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.

Чиллан-баттахь Лаха Новгородехь лачкхъийна, Нохчийчу валийна ши ваша.

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дIахьедар дира, Магамадов а, Исаев а лацаран бахьанаш довзийта шайна, ишта, царна тIе адвокаташ а, лоьраш а, да-нана а дита аьлла.

Лахарчу Новгородехь лаьцна вигинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочун Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а гIуллакх таллар дехна федералан омбудсмено Москалькова Татьянас Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре. Кху шеран Чиллан-баттахь Гуьмсе дIакхачийра и шиъ, тIаьхьо бехкаш дехкира цу шинна гIаттамхошна юучуьнца гIо латтийна ву аьлла.

Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша хаам барехь, Зазадокху-баттахь Москалькован цIарах хаамийн гIирсашкахула диллина кехат кхаьчна шина кIентан ненера Магамадова Зараэра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG