ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гезмахмаев ша тIехьерчийначу декхарех ведда, боху цуьнан гергарчара


"Новая газете" Нохчийчохь йина кхел а йоцуш нах байъарх дийцинчу, Кадыров Ахьмадан цIархчу полкан полисхо лаьттинчу Гезмахмаев Сулеймана психотропан молханаш дара лелош, Оьрсийчуьра ведда, вахна иза цIахь даккхий ахчанаш тIе а хьерчийна аьлла, дIахьедина "Грозный" телеканалан эфирехь цуьнан гергарчу наха.

Иза даймахкахь волчу заманчохь шайн терго хиллера, тIех чIогIа цуьнан азваларх, тIаьхьо тIекхиира шаьш, наркотикаш цо лелош хиларна, боху девашас Гезмахмаев Салмана.

"Грозный" телехьожийлан сюжет зорбане яьккхина шайн инстаграмерчу аккаунтехь.

"Цхьа молханаш ю, боху-кх. Царна тIе хиънера иза, коьртана а галвала волавеллера", - дIахьедо Гезмахмаев Салмана.

Оьрсийчуьра дIавахначул тIаьхьа шайца зIене ваьлла вац, боху гергарчара Сулейман.

"Ахчанах вохкавелла иза, гуш ма ду", - боху Салмана видео тIехь.
Иштта цо дийцарехь, Гезмахмаев Сулейманан гергарчийн такха дезна цо тIехьерчийна декхарш.

2017-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь нах хIаллакбеш дакъалацийтина Нохчийчуьрчу полисхочуьнга, ткъа иза Iедале латкъа воьлча, гей ву аьлла, вийна. Оцу хьокъехь яздира "Новая газето".

Цо арахецна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу хадаран полкан белхахо хиллачу Гезмахмаев Сулимана ден тоьшалла. Полисхо лаьттинчо дийцина ша Нохчийчохь нах лоьцуш болх барх а, и нах тIаьхьо байъарх а лаьцна.

Гезмахмаевс тоьшалла дарехь, 2016-2017 шерашкахь дакъалаьцна масех стаг лоцуш, ларбина уьш Кадыровн цIархачу полкехь. Цо йицина лецначу нахах цхьаболучийн цIерш, йовзийтина царна тIехь деш хиллачу таIзаран башахаллаш.

Гезмахмаевс дIахьедина шен белхан накъосте Саралиев Сулимане нах бойъуш дакъалацийтина хиларх лаьцна. Цо, масала, легаш Iаьвдина садаьккхина Мускиев Махьмин, амма сих кхетта ша динарг, наркотикашка вирзина. Шега дайтина зулам дIадуьйцуш, тоьшалла дина хилла Саралиевс, цундела иза а вийна.

Кхел йоцуш Нохчийчохь байъинчу нахах материал зорбане яьллачул тIаьхьа Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан белхахоша дехар дира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Хаамийн гIирсашкахь шайна ечу Iиттарийн тергояр доьхура цара.

Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссара Миятович Дуняс Оьрсийчоь декхарейира "сихонца, озабезам боцуш, йозуш йоцчу кепехь талла" Нохчийчохь, кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" яржийна информаци. Журналисташа бина хаам "дегIе зуздоуьйтуш " бу, аьллера Миятовича.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG