ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь нах байъина бохург "туьйранаш" ду, боху Кадыровс


Нохчийчохь кхел йоцуш байъинчу нахах "Новая газете" полисхо лаьттинчу Гезмахмаев Сулимана дийцина тоьшаллаш "туьйранаш" ду аьлла, мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Материал зорбане яьккхинчул тIаьхьа Гезмахмаевн гергарчарна кхерамш тийсина, ткъа газетан редакцина Iаткъам бан буьйлабелла.

Европехь шена тховкIело ялийтархьама Кадыров Ахьмадан цIархчу полкан белхалочо шеггара дийцина хIуманаш ду уьш аьлла, дIахьедина Кадыровс регионалан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан йоьдучу кхеташонехь. Полисхо хилла Гезмахмаев наркоман вара, боху нохчийн куьйгалхочо.

Цкъа хьалха Германи ведда вахна Гезмахмаев, цо дийцарехь, цигахь цуьнан "тоьшаллаш" тоаме ца хетта. ТIаккха юха Петербурге веана иза, "шена бевза наркоманаш болчу, декхарш хьерчийна, цунна тIехь ишта а дара даккхий такхаза кредиташ..."

Кадыровн версица, Петеребургехь карийначу Гезмахмаевс "туьйранаш" кхоьллина нах байъарх лаьцна.

Карладоккху, полисхо лаьттинчун тоьшаллаш зорбане даьхна "Новая газетан" журналисташ хьалхо Кадыровс "Малхбузен къайлахчу сервисийн агенташ" бу аьллера.

Газетан материал зорбане яьллачул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь митинг хIоттийра, хаамийн гIирс дIакъовла аьлла, тIедожош, ткъа Кадыровн полкан белхалоша президенте кхайкхам бира.

Бакъоларъярхоша хаам бора, артикл араяьллачул тIаьхьа Гезмахмаевн гергарчарна кхерамаш тийсарх, ницкъахоша полисхо хиллачун да-нана стенгахь ду дийца бохуш, тIеIаткъам барх а. Церан Iалашо яра, ша дийцинарг бакъ дацара аьлла, дерриг а цуьнга духаэцийтар.

"Новая газете" Нохчийчохь йина кхел а йоцуш нах байъарх дийцинчу, Кадыров Ахьмадан цIархчу полкан полисхо лаьттинчу Гезмахмаев Сулеймана психотропан молханаш дара лелош, Оьрсийчуьра ведда, вахна иза цIахь даккхий ахчанаш тIе а хьерчийна аьлла, дIахьедира "Грозный" телеканалан эфирехь цуьнан гергарчу наха.

Иза даймахкахь волчу заманчохь шайн терго хиллера, тIех чIогIа цуьнан азваларх, тIаьхьо тIекхиира шаьш, наркотикаш цо лелош хиларна, боху девашас Гезмахмаев Салмана.

"Грозный" телехьожийлан сюжет зорбане яьккхина шайн инстаграмерчу аккаунтехь.

"Цхьа молханаш ю, боху-кх. Царна тIе хиънера иза, коьртана а галвала волавеллера", - дIахьедо Гезмахмаев Салмана. Оьрсийчуьра дIавахначул тIаьхьа шайца зIене ваьлла вац, боху гергарчара Сулейман.

"Ахчанах вохкавелла иза, гуш ма ду", - боху Салмана видео тIехь.
Иштта цо дийцарехь, Гезмахмаев Сулейманан гергарчийн такха дезна цо тIехьерчийна декхарш.

2017-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь нах хIаллакбеш дакъалацийтина Нохчийчуьрчу полисхочуьнга, ткъа иза Iедале латкъа воьлча, гей ву аьлла, вийна. Оцу хьокъехь яздира "Новая газето".

Цо арахецна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу хадаран полкан белхахо хиллачу Гезмахмаев Сулимана ден тоьшалла. Полисхо лаьттинчо дийцина ша Нохчийчохь нах лоьцуш болх барх а, и нах тIаьхьо байъарх а лаьцна.

Гезмахмаевс тоьшалла дарехь, 2016-2017 шерашкахь дакъалаьцна масех стаг лоцуш, ларбина уьш Кадыровн цIархачу полкехь. Цо йицина лецначу нахах цхьаболучийн цIерш, йовзийтина царна тIехь деш хиллачу таIзаран башахаллаш.

Гезмахмаевс дIахьедина шен белхан накъосте Саралиев Сулимане нах бойъуш дакъалацийтина хиларх лаьцна. Цо, масала, легаш Iаьвдина садаьккхина Мускиев Махьмин, амма сих кхетта ша динарг, наркотикашка вирзина. Шега дайтина зулам дIадуьйцуш, тоьшалла дина хилла Саралиевс, цундела иза а вийна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG