ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчохь депутат вийна. Дакъа карийна Бесланна гергахь


Къилбаседа ХIирийчуьрчу Правобережни кIоштахь карийна Бесланерчу гIалин думин депутатан Торчинов Тамерланан дакъа. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаийтина кIоштарчу Iедалан хьасташа.

Ницкъаша вийначу Торчиновн дакъа дIалачкъийна хилла Бесланна гена йоцчу Фарн юьртанна хи латточу меттигехь. Депутатан валар стенах ду толлуш бу кхелан-медицинан экспераш.

Хьастийн информацица, Торчинов вер дозуш хила тарло ХIирийчохь хьалха шерашкахь иккхинчу зуламца – 2013-чу шарахь Бесланехь герзаш диттира велла волу совдегар Торчинов Алан дIавуллуш хьийзачу наханна, и зулам дайтинарг хила тарлуш лору Оьрсийчохь гIараяьллачу гIерин лидер Гагиев Аслан (Джако). Талламан версица, дIавуллуш волчун ваша вен гIиртина зуламхой, амма вийра цара хIетахь цхьана а хIуманна декъахь воцу ши стаг - Торчинов Аслан а, Плаев Албег а, ткъа шиъ лазийра.

Тезетахь беллачийн гергарчара бохура хIетахь, Торчинов Тамерланна хууш хилла хиндерг, цундела тезетара хьалххе дIавахана. Иза вер зуьйш лаьцна цуьнан гергарчех кхо стаг, Бесланан бахархой.

  • Торчинов Тамерлан вадийра Зазадоккху-беттан 23-чохь, Бесланерчу ипподромехь, садоIуш лелачуьра. Цуьнан машена чохь цIийн ларш карийнера. Хьалха "Владикавказ" аэропортан директор лаьттина вара Торчинов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG