ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхеттачу нахах 19 пациент дIаваьлла, цомгуш хилла кхин а 420.
Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 11 стаг, Ставропол-махкахь – 3, Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь – шишша, Кхарачой-Чергазийчохь – цхьаъ. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 8 429 стаг.
Массанхьачул дукха бу коронавирусо дийнахь-буса лецна нах Краснодар-махкахь – 118 вахархо.
- Краснодар-мохк + 119 (41 699)
- Ставропол-мохк + 107 (49 894)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 51 (22 500)
- Дагестан + 44 (30 771)
- ГIалмакхойчоь + 31 (19 811)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 19 (19 569)
- Къилбаседа Х1ирийчоь + 15 (16 241)
- Нохчийчоь + 13 (11 588)
- ГIалгIайчоь + 12 (15 059)
- Адыгей + 9 (14 039)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 хааелла 241 171 стагехь. Ерриг Оьрсийчохь, Оперативан штабан информацица, Зазадоккху-беттан 25-чу денна и терахь ду 4 492 692*
*Оьрсийчоьнан официалерчу статистико шена юкъалору аннекси йинчу ГIирмера хьал а.