ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмца возавелла хила тарлуш волу 200 дагестанхо ву лохуш


2020-чу шарахь Дагестанан бахархойх 10 стаг лецира Оьрсийчоьнан дозанал арахьа террористийн цхьаьнакхетараллашкахь лелла хиларх йолчу шеконца, кхин а 186 стаг ву дуьненаюкъарчу лехамашка велла. Иштта ду Дагестанан парламентан кхеташонехь мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалхочо Магомедов Iадбурашида довзийтина терахьаш.

Терроризман зуламийн декъахь хиларна дерриг а 2020-чу шарахь Дагестанехь лаьцна 61 вахархо, "Интерфаксо" довзуьйтучу шен дIахьедарехь Магомедовс боху, царех 26 ву "тебна Iачу тобанех".

Цо дийцарехь, дина даккхале Iорадаьлла терроран ши зулам, йохийна террорхойн "тебна Iачу тобанех" пхиъ, дуьхьалоярна вийна 9 тIемало.

ТIемалошкара а, церан уьйрашкара а дахначу шарахь даьккхина 300 герз, 92 граната, минометан хIоьънаш, карахь йина оьккху коьчал, 21 эзар сов патарма, 150 кийла оьккху коьчал а, цунах бомба ен дуккха а гIирс а, аьлла Дагестанан полицин буьйранчас.

  • Зазадоккху-беттан юьххьехь ФСБ-н куьйгалхочо Бортников Александра дIахьедира, Къилбаседа Кавказехь "таханенна терроран жигаралла а, бандтобанийн баьччанаш а хIаллакбина", аьлла.
  • Хьалхо, карара Зазадоккху-бутт болабелча, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векала Чайка Юрийс а бовзийтира ницкъхоша бина болх. Цо дийцарехь, 2020 шарахь ницкъхоша 1,5 эзар лерина операци дIаяьхьина, вийна 45 тIемало. Лаьцна кхин а 113 низамехь йоцчу тIеман гIеранийн декъашхой – уьш бара терроран тохарш дац, ницкъхошна, маьршачу бахархошна зенаш дан арабевлла, элира Чайкас.
  • Оьрсийчоьнан куьйгалло кест-кеста дIахьедо терроризм эшийна, олий, амма регионехь нислуш лаьтта полицица тIеман тийсадаларш, терроран тобанашкара бу боху нах лецар. Иштта лецначу наха дукха хьолехь аьрзнаш до, шаьш харцонца хьийзадо, шайгара етташ тоьшаллаш даьхна, олий. Оцу хьоло а кхачабо нах радикализме, аьлла хета бакъонашларъярхошна.
  • Кавказ.Реалии сайто дуккхаза а яздина Къилбаседа Кавказехь терроризманна дуьхьал бен профилактикан болх эвсаре бацарх, къайлаха Iедалх летачарна дуьхьалбоккхуш беккъа цхьа ницкъ бен бацар мел кхераме ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG