ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машана" кхерамаш тийсина Исаевн а, Магамадовн а гергарчара


ГIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, бехкевинчу шина вешин: 17 шо долчу Исаев Исмаилан а, 20 шо долчу Магамадов Салехьан а гергарчара шайна кхерамаш тийсарна Оьрсийчуьрчу Талламан комитете арз дина "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано".
"Медиазона" ресурсо бина цунах хаам.

Кху деношкахь полисхоша лаьцна вигинера Исаевн а, Магамадовн а цIийнах волу ткъех стаг, цу шиннан да-нана долу меттиг йицийта Iалашонца. ЛГБТ-жигархойн информацица, буьйса юккъе яхначу заманчохь маьршабаьхна хиллера лецнарш.

Уьш полисхоша дIабигина аьлла, даьржинчул тIаьхьа "Грозный" телехьожийлан инстаграмерчу агIоне хIоттийначу видео тIехь Исаевн а, Магамадовн а гергарчара дIахьедора, шайн ши кIант гIаттамхошца уьйрашкахь хилла бохучу талламхошка цхьана кепара претензеш яц шайн бохуш. Амма цара бехкаш дехкира, бакъоларъярхоша а, зорбанчаша а гейш бара уьш бохуш, кегийрхой "бехбарна".

"Яржийначу видео тIехь волчу цхьана стага боху бакъоларъярхошка: "Оха хIуъа а дийр ду, зулам а цхьана, шу совцорхьама", ишта кхийкхадо неIалташ а", - дIахьедина ЛГБТ-машано".

Шина кIентан нана Магамадова Зараъ тешна ю, кхерамаш а тийсина, видео цаьрга язъяйтина ю аьлла.

"Телехьожийлехула эхьаца хIост доккхуш Iедал ду Нохчийчохь. Со тешна ю, кхера а бина, дайтина къамел ду иза аьлла", - далийна ненан дешнаш "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано".

Лахарчу Новгородехь меттигерчу полисхоша Нохчийчуьра ши кIант лачкъорах Чиллан-баттахь нахала делира. Кхул хьалха а Нохчийчохь лаьцна вигина хилла ву Магамадов а, Исаев а, "Осал Нах 95" оппозицин телеграм-каналан модераторш и шиъ хиларна.

Стохка аьхка шина кIантана гIо дира Нохчийчуьра Лахарчу Новгороде водуш "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано". Оьрсийчоь а дIатаса дагахь хиллера и шиъ, амма ца ларийна. Лачкъийначул тIаьхьа масех дийнахь цу шиннах хилларг хууш стаг а вацара. ТIаьхьо ши кхиазхо бехкевира нохчийн Iедалхоша, терророшна гIо латтийна ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG