ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьмад Пайхамаран сурт шайн берашна гайтарна дай-наной протесте бевлла Британехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Йоьдучу урокехь дешархошна Мохьмад Пайхамаран сурт гайтина хьехархо балхара дIаваккхар тIедожош, Британерчу Батли гIаларчу школана хьалха протесте бевллера бусулбачу берийн дай-наной. Оьрсийн Свобода сервисо бина и хаам.

Исламехь Пайхамаран сурт диллар магош дац. Дуьхьалонан акци ваьллачух цхьаммо дIахьедина, Пайхамаран сурт гайтарца боллу бусулбанаш сийзазбина аьлла. Нагахь санна, хьехархо балхара дIа ца ваккхахь, шайн бераш кхечу школе дохуьйтур ду аьлла, кхерамаш тийсина дайша-наноша, яздо Би-би-си гIирсо.

Школехь болийна талламаш берззалц дешаран куьйгалло хьехархо мукъавитна хьехарх. Школан директоро къинтIерабаьхна бусулбанаш, динех лаьцна берашна дийца деза, амма ларлуш хила деза аьлла, тIе а тухуш.

Британин дешаран министраллан векало дIахьедина хьехархочунн кхерамаш тийсар магийта мегар дац аьлла. Коронавирусан ун даьржинчу юкъанна протесташ хIиттор а хила йиш йоцург ду аьлла, тIетоьхна хьаькамо.

Мохьамад Пайхамаран сурташ гайтинчу школашкахь бусулбанаша протесташ яр кест-кеста нислуш ду Европерчу школашкахь.

Яхначу гурахь Францехь школан хьехархо Пати Самюэль вийра Нохчийчуьрчу вахархочо. Ша веле хьалха дешархошна гайтина хиллера цо Шарли Эбдо журнало Мохьмад Пайхамарна ехкина хилла карикатураш, цаьрца дешан маршонех дуьйцучу заманчохь. Оцу тIехула вийра Пати 18 шо долчу Нохчийчуьрчу мухIажаро Анзоров IабдуллахIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG