ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ас ойла йира - иштаниг хуьлийла дац". Оьрсийчоьнан векалтехь лечкъийна вилспеташ


Фонтанель Алан, Страсбургерчу муниципалитетан белхахо
Фонтанель Алан, Страсбургерчу муниципалитетан белхахо

Крутов Марк

Страсбургехь вице-бургомистр хиллачу, Европан Кхеташонерчу Францин векалан Фонтанель Марин цIийнда волчу Фонтанель Алана дуьйцу Маршо Радион оьрсийн редакцига шен тоькаца лела вилспет муха лачкъийра, юха иза шена йохка муха гIоьртира оцу гIаларчу Оьрсийчоьнан векалтан белхахой.

Страсбургерчу Оьрсийчоьнан инарла векалтан белхахоша ТАСС агенталле аьлла, Францерчу полицино меттигерчу "вахархочунна вилспет юхкуш лаьцначу могIарчу техникан белхахочунна дихкина дацара дехьа-сехьа вала, иза дIавахана Францера могашалла галъялар бахьана долуш".

Оцу 40 шо гергга долчу машенлелорхо вилспеташ лечкъорах лаьцна билггал хууш дерг аьлча, уьш юхкуш иза лелла боху хаам баьржина Францерчу а, Оьрсийчуьрчу а хаамийн гIирсашкахула –цунах цхьаберш боьлу, вукхаьрга - оьгIазалла йоьссина.

"Меттигера могIара вахархо" – Страсбурган вице-бургомистр лаьттина Фонтанель Алан ву, хIинца иза гIалин харжаш тергалъечу палатин хьехамча ву. Зазадоккху-беттан цхьана дийнахь Францерчу Moustache Bikes фирмано арахецна шен керла тоькаца лела Friday 28.1 вилспет Европан Кхеташонан цIенна уллехь дIахIоттийна хилла цо (оцу гIишло чохь ю болхбеш цуьнан зуда – Францин президентан Макрон Эммануэлан хьехамча лаьттина Фонтанель Мари). Юхавеъча, шен вилспет ца карийна Фонтанельна.

Францехь "вилспетийн шахьар" лору Страсбург – цигарчу 280 эзар вахархочун ю 300 эзар гергга вилспет. Цуьнга хаьжжина, вилспеташ уггаре дукха лечкъайо оцу гIалахь. Къуьй юкъ-кара лоьцу, царна луьра таIзарш а до: масала, Страсбургана уллерчу Агно гIалахь 8 вилспет а, скутер а лачкъона ши жимстаг 4 баттанна набахте хьажийра Зазадоккху-беттан 19-чохь. Парижан йистерчу Нантерехь шина шера чохь 19 вилспет лачкъорна Чиллан-баттахь 6 баттанна чувоьллина меттигера вахархо.

Делахь а, Фонтанель Аланан вилспет лачкъорна лаьцнарг дIахецна полицино де-буьйса даьлча, ткъа иза сихха ведда Францера. Амма цул тIаьхьа иза лаца ордер елла полицино, хила тарлуш ю кхел. Полисхоша чIагIдарехь, "могIарчу техникан белхахочо " (машенлелорхочо) шарахь, сайтехула кхайкхамаш а беш, 300 вилспет йоьхкина 100 эзар еврона.

Фонтанель, сайтехь кхайкхам ша бешча, шеца могIархочун духарахь волу полисхо а эцна, вахана "йохкархо" волчу шен вилспет цуьнгара мехах юхаэца. Ща цхьаъ веъна а ца хилла Оьрсийчоьнан вахархо, хилла цуьнца векалтера цхьа белхахо а (тIаьхьо гучудаьлла цуьнгахь дипломатан паспорт хилар). И белхахо гочдархо санна веана хилла боху цхьаьанкхетачу метте. Полисхочо ша вовза а вовзуьйтуш, гайтина сайтехь йохка кхайкхийна йолчу шина вилспетан сурт, цул тIаьхьа дипломато векалтан кертара араяьккхина, дIаелла шолгIа вилспет а. Дипломатан иммунитет цуьнан хиларе терра, ца лаьцна полицино машенлелорхочуьнца хилларг.

Страсбургерчу Европан Кхеташонан цIенна хьалха
Страсбургерчу Европан Кхеташонан цIенна хьалха

Оцу могIарара хилам духхьара бац Страсбургерчу векалтехь нислуш: ши шо хьалха, СкрипальгIарна, Сергейна а, Юлияна а дIовш деллачул тIаьхьа Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Европан Барто а Францера араваьккхинчу Оьрсийчоьнан веа дипломатах цхьаъ вара оцу гIаларчу векалтера, бехкединарг дара "Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъашца юкъарлонехь" хилар. Жоп луш, Оьрсийчоьно нон-грата кхайкхийра Францин веа векална.

Маршо Радион оьрсийн редакцино дийхира Фонтанель Алане, хилларг муха дара, могIара къола ду аьлла хетарг дагахь а доцчу хьесапехь дерзарх иза цецвелирий, дийцар.

– Фейсбукера хьан пост ешча, хьуна дукха езаш юйла гуш ду хьайн вилспет, иза лачкъорца дерг муха дара?

– Масех бутт бу сан и электровилспет йолу. Кхо кIира хьалха со сайн зуда йолчу ваханера –Европан Кхеташонан Францин векалтехь ю иза балхахь. Доккха догIа а тоьхна, дIахIоттийнера ас иза. Араваьлча, яцара вилспет, догIа лохийнера, я морзахца хадийнера. Со эгIийна висира. Хаамаш баржочу Leboncoin сайте хьаьжира со, карийна сайн вилспет юхкуш тIетоьхна хаам. Суна суьртаца евзира иза, кхин а ши электровилспет юхкуш вара и хаам баржийнарг. Ас полице а вахана, хаийтира, йохкархочуьнца цхьаьнакхета барт бира. ШолгIачу дийнахь полисхочо телефон туьйхира соьга, цо элира: "Проблема ю вайн. Хьо ван везар меттиге, Страсбургерчу Оьрсийчоьнан векалтна уллехь ду цхьаьнакхетар. Нагахь санна вилспеташ цуьнан кертахь нислахь, тхан бакъо яц чудаха, дипвекалтан керта вала бакъо яц полисхочун".

Тхо цхьана дахана, дIакхаьчча, юхкуш верг бухахь вара, цхьа стаг а лаьттара цуьнца, ший а уьш Оьрсийчоьнан векалтера бара. Сан вилспет церан кортахь лаьттара, дипломатийн машенашца цхьаьна. Ас иза гайта сайна, суна иза гIолехьа хила мега, элира. Шиннах цхьаъ иза ялош веара, со вилспетан ноьмаре хьаьжира, сайниг яра иза. ТIаккха соьца волчу полисхочо телефон туьйхира, кхин а кхо полисхо веара тхуна тIе. Цара паспорташ гайтар дийхира оьрсашка. Цхьаьнгахь белхан кехат дара, вукхуьнгахь – дипломатан паспорт. И шолгIаниг дIа а хецна, важа полицин декъе дIавигира.

– Дипломатан иммунитет ерг хIун дакъалоцуш вара?

– Гочдеш вара иза къамел, вукхунна, консулан машенлелорхо хиллачунна оьрсийн мотт бен ца хаьара. Дипломатан паспорт долучо вуно шера буьйцура францойн мотт.

– ТIехьаьжча муха вара и шиъ? Векалтан белхахойх тера варий?

– Цхьаъ царех билггал тера дара машенлелорхо волучух. ШолгIаниг административан даржхочух тера вогIура.

– Йохкархочо цхьаьнакхета меттиг векалтанна уллехь къастийча, хьуна хIун дагатесира?

– Юьхьанца суна хеттарг дара – ларамза къастаелла хир ю и меттиг, векалт хуьлийла дац кхузахь цхьана а хьесапехь декъахь. Вилспет Европан Кхеташонан цIенна хьалхара йигинера. Вилспет ядийначуй, юхкучуй меттигашна юкъахь цхьа а "дипломатин"зIе хуьлийла дацара сан кхетамехь.

Оьрсийчоьнан векалт, Страсбург
Оьрсийчоьнан векалт, Страсбург

– Хьайн вилспет билггал векалтан кертахь юйлгича, хIун ойла хилира хьан?

– Дац, иза хуьлийла дац, бохура даго.

– Таллам муха дIабоьду хууш вуй хьо?

– Суна хууш, машенлелорхочо ша лечкъийна вилспеташ юхку бохург бакъ дац аьлла. ТIаккха полицино хаьттина Leboncoin сайтан дайшка, цара тоьшалла дина тIаьххьарчу 12 баттахь цо 300 вилспет йоьхкина хиларх. ХIора дийнахь цхьацца вилспет хуьлу уьш. Шуьйрра баржийна, "болх" дIахьош хилла. Йоьхкина вилспеташ 100 эзар еврона.

– Цара хьан еза вилспет лачкъийна ца Iаш, йорахнаш а юхкуш хилла-кх, гарехь?

– ХIаъ, юккъерчу барамехь хIора лачкъийначу вилспетах 300 евро а доккхуш, тайп-тайпанаш юьгуш хиллачул тера ду.

– Полицино дIа стенна хецна иза, цунна Францера вада аьтто а беш?

– Суна ца хаьа, церан сацам бу иза. Иза оццул сиха водур вац аьлла хетта хила мега.

– Оьрсийчуьрцу оцу нехан цIерш хаьий хьуна?

– Сайте хаамаш хIиттош хиллачу машенлелорхочуьнниг бен ца хаьа, амма сан бакъо яц иза яккха. Цо шен ю аьлла яьккхина цIе а ю аьлла ца хета суна бакъ цIе.

– Францехь лелийна вилспет оьцуш, хаа йиш юй иза лачкъийна хилар? Кехаташ хуьлий вилспетийн? Айхьа оьцучу хенахь, ахь дийхирий юхкучуьнга вилспет лачкъийна яцар гойту тоьшалла?

– Цхьаъ делахь, айхьа оьцург керла ала мегар долуш вилспет хилча, эха мехах юхкуш а хилча, хьо ойла ян декхаре ву. Иза лачкъийна хила еза тешна а. Ас цунах туьканахь 2700 евро делла, суна иза 1400 юхкуш яра. ШолгIа делахь, стага цхьана сайта тIехь дуккха вилспеташ юхку – иза а бу шеквала бух. Ас юхкучуьнга туьканан кехат дийхира. Цо суна гайтира баккъал а туьканара долу кехат, амма иза ша хIоттийна дара – хIунда аьлча, вилспет билггал сайниг ма ярий, оцу кехато бохучу туьканара эцна а яцара. Цул сов, кехата тIехь Оьрсийчоьнан векалтан мухIар дара.

Оьрсийчоьнан Страсбургерчу векалтан кертахь карийна лечкъийна вилспеташ
Оьрсийчоьнан Страсбургерчу векалтан кертахь карийна лечкъийна вилспеташ

– ХIинца хьан вилспет хьоьца ю-кх.

– Ю, со воккхаве. Берашна дийца хIума хир ду сан. Наха баркаллаш олу суна, полицин со бахьанехь аьтто баьлла воккха къу лаца, суна хетарехь, маза бу и къоланаш деш. Ас доккха хIума а ма ца диний, амма полицина дозалла дан хIума ду и операци дIаяхьар, хетарехь, Страсбургехь цхьана-шина баттанна лахлур ду вилспеташ лечкъор.

– Вилспет юхкург а, цунна талмажалла дийриг а Оьрсийчоьнан векалтан белхахой хиларо, хьо санна, цецъяккхиний полици?

– Яьккхина дера. Уьш цецбевллера, ларлуш лела дийзира церан, Францин арахьарчу гIуллакхийн министралла шайна дуьхьал цаяккхархьама. Леррина дира цара дерриг а, таллам дика чекхбаьлла, делахь а юхкучуьн аьтто баьлла вада.

– Оьрсийчоьнан векалтера стагга а велирий хьоьца зIене, хьо къинтIера ваккха, я цхьа компенсаци ян?

– ХIан-хIа, амма суна дика компенсаци ю сайн вилспет юхаерзар.

– Оьрсийчоьнах йозучу информацин бала кхочий хьан? Хезний хьуна кокаинан контрабандех лаьцна, Аргентинерчу Оьрсийчоьнан векалтехь иза латтош хилла бохуш?

– ХIаъ, дешна ас газеташ тIехь. Кокаин а, вилспет а – уьш цхьамогIа хIуманаш дац, кхузахь кхин цхьа хилам а бара, Страсбургерчу векалтера консул, шпион ву аьлла, Францера араваккхар. Иза дара гIарадаьлла дов.

"Вилспетийн шахьарахь" Страсбургехь
"Вилспетийн шахьарахь" Страсбургехь

– Хьайн хатта йиш хилча Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин векалшка, историца доьзна хIун хаттар дийр дара ахь?

– Суна хаа луур дара, кхин хьанна хууш хилла къоланаш шуьйрра лелаш дуйла. Шиъ хиллийла – иза билгалдаьлла: машенлелорхо а, и "гочдархо" а. Маса стаг ву цигахь балхахь, хаац суна, амма 300 вилспет векалтан территори тIехь IаIош хилча, цигара йохка арайохуш хилча, дуккха а нахана ган деза иза.

– Суьрта тIехь фейсбукехь ахь 4 вилспет гайтина, хаьйниг а йолуш цаьрца. Вуьйш а яра лечкъийна? Полицин муха аьтто белира хьайниг хьоьга юхакхачо?

– Тхо дIакхаьчча, цхьа вилспет, сан яцара иза, араяьккхина лаьтташ яра. Юха кхин цхьаъ а еара. Ас сайниг яр дехча, иза схьаялийра. ТIаккха полицино царна суьрташ гайтира сайта тIера, йисинарш а схьаян элира,"гочдархочо" йоьалгIаниг а схьаялийра. Цуьнга алалора шегахь яц, амма иза воьхна вара. "Машенлелорхо" оцу юкъанна лаьцна вара, цуьнгахь дацара дипломатан паспорт.

– КхидIа хIун дан дагахь ву хьо? Дипломатан паспорт долу Оьрсийчоьнан вахархо Францера араваккха доьхур дуй ахь?

– Дац, иза сан болх бац. Полицино дерриг а нийса дина, сан проблема йирзина, кхидIа ас айса вилспет хIоттош, меттиг кхерамзаллениг къастор бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG