ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СИЗО-хь латточу шина вешин могашалла дика яра аьлла адвокаташа


ТIемалойн хьалханча лаьттинчу Бютукаев Асланан тобанарчу гIаттамхочунна гIо латтийна ву аьлла, бехкевинчу шина вашас Исаев Исмаила а, Магамадов Салехьа а могушллана латкъамаша ца бо, тIехьаьжна а дикачу хьолехь вара и шиъ аьлла, хааме даьккхина церан адвокаташа. ТIаьххьара ши кхиазхо гина шена Зазадокху-беттан 24-чохь аьлла, билгалдаьккхина "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан" адвокато Немов Александра, "Кавказский узел" агенталло яздарца.

"Могашалла ца ялхайора цу шиммо, лоьрин гIо оьшуш дац царна", - аьлла адвокато. Немовс дийцарехь, СИЗО-хь цаьрца цхьанакхеттачу заманчохь Магамадовс а, Исаевс а кехат деллера цуьнга. Оцу тIехь цу шиммо чIагIдора, шаьшинна тIехь гIело латторах.

Адвокато карладоккху, талламна гIо дийр ду аьлла, дош делча маьршавитинера ши ваша дуьххьара лаьцча, амма цул тIаьхьа веддера и шиъ, тIаккха полисхоша нуьцкъаша лаьцна юхавалийна ву и шиъ Нохчийчу, аьлла.

"ТIехула бIаьрг тоьхча вочу хьолехь вацара" и шиъ аьлла шина кIентан адвокато Алексеев Марка а. Цо бахарехь, Немов Александрал а хьалхо витинера иза Магамадовна а, Исаевна а тIе.

ГIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, бехкевинчу шина вешин: 17 шо долчу Исаев Исмаилан а, 20 шо долчу Магамадов Салехьан а гергарчара шайна кхерамаш тийсарна Оьрсийчуьрчу Талламан комитете арз дина "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано". "Медиазона" ресурсо бина цунах хаам.

Ишта, даржийра зорбанашкахь, кху деношкахь полисхоша лаьцна вигинера Исаевн а, Магамадовн а цIийнах волу ткъех стаг, цу шиннан да-нана долу меттиг йицийта Iалашонца, бохуш. ЛГБТ-жигархойн информацица, буьйса юккъе яхначу заманчохь маьршабаьхна хиллера лецнарш.

Уьш полисхоша дIабигина аьлла, даьржинчул тIаьхьа "Грозный" телехьожийлан инстаграмерчу агIоне хIоттийначу видео тIехь Исаевн а, Магамадовн а гергарчара дIахьедора, шайн ши кIант гIаттамхошца уьйрашкахь хилла бохучу талламхошка цхьана кепара претензеш яц шайн бохуш. Амма цара бехкаш дехкира, бакъоларъярхоша а, зорбанчаша а гейш бара уьш бохуш, кегийрхой "бехбарна".

Шина кIентан нана Магамадова Зараъ тешна ю, кхерамаш а тийсина, видео цаьрга язъяйтина ю аьлла.

"Телехьожийлехула эхьаца хIост доккхуш Iедал ду Нохчийчохь. Со тешна ю, кхера а бина, дайтина къамел ду иза аьлла", - далийна ненан дешнаш "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG