Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла тIаьххьарчу дийнахь-буса 21 дархо, вирус хааелла кхин а 419 стагаца.
Оперативан штабан хаамца, Краснодаран кIоштахь COVID-19 вирусах велла 11 пациент, Ставрополан кIоштахь - кхоъ, Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а - шишша, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а - цхьацца велла.
Ун даьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь кхелхина уьнах 8 476 стаг.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь дукха бевлла вирус яьржина нах - шинхьа а 114 дархо ву.
Ставрополан мохк+ 114 (50 143 ву уьн гучудаьлчхьана)
Краснодаран кIошт+ 114 (41 929)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 50 (22 600)
Дагестан + 46 (30 863)
ГIалмакхойчоь + 22 (19 859)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 20 (19 610)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 17 (16 273)
ГIалгIайчоь + 13 (15 081)
Нохчийчоь + 12 (11 611)
Адыгей + 11 (14 060)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун токхуш ву 242 029 стаг. Оперативан штабан статистикаца, йоллу Оьрсийчохь ву цамгарца 4 510 744* вахархо.
Оьрсийчоьнан статистикана юкъаэцна иштта аннекци йинчу ГIирмера хьал а.