Муниципалан урхаллан Центраш "МЦУ" вовшахтоха дагахь бу ГIалгIайчохь, социалан машанашкарчу информацин талламбархьама. Официалехь дIакхайкхорца, церан Iалашо хир ю, стенна реза бац бахархой зен а, цул тIаьхьа шен хенна церан проблемаш ерзорхьама а.
"И центраш бахьана долуш бахархошна маьIне йолчу массо а сферашкахь жамIаш дан таро хир ю нахана а, Iедалан коьртехь болучарна а юкъахь зIе хиларца. Ткъа бахархойн дехаршна сихха тергоярца, гIаланийн а, яртийн а бахархойн Iедалхошца йолу юкъаметтиг тояла тарло", - яздо "Интерфаксо".
ГIалгIайчоьнан премьер-министро Оздоев Джамбулата дакъалаьцначу кхеташонехь барт хилла муниципалан Центраш кхолла.
Интернетерчу йиллинчу хьасташкара хаамаш маса схьа а оьцуш, уьш хьакъ йолчу сервисашка дIа а кхачош, царна катоьхна жоп далийта сихо латтор ю Центраша.
Стохка дуьйна Оьрсийчоьнан массо а субъекташкахь болх бечу регионаш тIехь урхалла дечу Центрийн (ЦУР) проектан цхьа дакъа ду - муниципалан урхаллин центраш. Цара охку социалан машанашкахула, каналашкахула бахархошкара кеп-кепарчу урхаллашка а, хьукматашка а кхочу хаамаш.
Доьду шо карадеачхьана ГIалгIайчуьрчу ЦУР-о мел лахара а 600 шайга кхачийна хаам листина. "Интерфаксо" яздарехь, доккхачу декъанна бахархоша ялхайо дешаран а, коммуналан а, некъан белхан а проблемаш.