ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс еза "мерседесаш" елла шен клуберчу кхаа латархочунна


Нохчийчоьнан куьйгалхочо КадыровРамзана совгIаташ делла латархойн "Ахмат" клуберчу кхаа спортхочунна. Уьш бу боксер Бетербиев Артур а, иэйинчу кепан латархо Бибулатов Мохьмад а, Дагестанера схьаваьлла самбист Хасбулаев Мохьамадрасул а. Царна елла Оьрсийчохь 6 миллион сом сов мах болу цхьацца Mercedes-Benz GLE машен.

"Оха чемпионашца цхьаьна пайде, мехала къамелаш дира, республикера спортан дахар дийцаредина, хьехийра спорт кхиор эвсаре доккху агIонаш", – яздина Кадыровс шен "ВКонтакте" агIонтIехь.

Мехкан куьйгалхочо билгалдаьккхина спортхошна машенаш Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу Юкъараллин фондехула эцна хилар. Хаамийн гIирсашкарчу информацица, фонд юзу белхалойн алапашна тIера лаамза дIагулдечу ахчанца. Кадыровн нанас доладечу Фондан болх гойтуш бац юстицин министраллин сайтехь, и санна коммерцех йоцчу фондашкара хьал довзийта дезаш делахь а.

Ши де хьалха Кадыров Рамзана совгIаташ делира шен клуберчу кхечу декъашхошна, ткъа спортан а, кегийрхойн гIуллакхашкахула а министр волу цуьнан вешин кIант Кадыров Хьамзат цхьаьнакхийтира кхечу латархошца. Цо цаьрга кхайкхам бира, Ютубехь гайтархьама хIитточу ММА-летаршкахь дакъалаца цаэхаре, иза ца догIу къоман "сий", "доьналла", "оьздангалла" бохучу кхетамашца, бохура цо.

Кадыров Хьамзата хьийхира спортхошна я "Ахмат" клубе, я Америкерчу UFC а, Bellator а цхьаьнакхетараллашка кхача хьовсар.

  • ДIадахначу кIиранах Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш арахецна Нохчийчуьрчу полицин лаккхарчу хьаькамашна дуьхьал. Царех цхьаъ ву "Ахмат" клуб кхиор юьхьаръэцна волу вице-премьер Висмурадов Абузайд. Хаамийн гIирсашкарчу информацица, 2016 шо доьрзуш, 2017 шо долалуш иза хилла махкахь дуккха а нах бойъу барамаш дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG