ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйн накъостан Жданов Юрийн да лаьцна Ростовхь


Коррупцица къийсам латточу фондан (Оьрсийчоьнан Iедало "арахьарчу агентийн" статусе яьккхина иза – ФБК, амма фонд цуьнца реза ца хилла – редакцин билгалдаккхар) директора Жданов Юрийс фейсбукехь хаам бина, шен 66 шо долчу дена Жданов Юрийна дуьхьал бехктакхам айбина белхан даржехь совваларна, кхело иза лаьцна изоляторе хьажийна, аьлла.

Фондан директора шен дена дуьхьал бехк айбар "президентан администрацин ледараллин а, зуламаллин а керла кеп" ю аьлла, шена иза "нисдала тарлучу хIуманех уггаре луьраниг" дуйла а хоуьйтуш.

Жданов Юрий тешна ву, и таIзар шена ша политикехь бен некъ лакъорхьама дина хиларх. "Цхьа а шеко яц со бахьанехь катоьхна хиларх, ас дечуьнца доьзна иза лелош хиларх", — дIахьедина цо.

ПIераскана, Зазадоккху-беттан 26-чохь, Ростоврчу Жданов Юрийн цIийнах хьаьжна полици, буьйса йоллалц левина иза, цул тIаьхьа лаьцна. 27-чохь кхело изоляторе хьажийна, яздина шен телеграм-каналехь оппозицин политика.

Цо бахарехь, да болх беш хилла Ненцойн махкарчу Искателей юьртахь, юьхьанца – юьртан куьйгалхочун гIовс, тIаьххьарчу шерашкахь - "шена пенсе ваха кечамбеш, юьртан администрацехь могIарчу даржехь, стохка дуьйна пенсехь ву".

Талламан версица, хIусамаш къасточу комиссехь волуш Жданов шайн юьртарчу цхьана зудчунна социалан гIоьнна луш йолу хIусам яларехьа хилла, амма тIаьхьа гучудаьлла оцу зудчо хьалха хIусам эца судсиди яьккхина хилар. Кхелан сацамца дIаяьккхина зудчуьнгара петар, юхаерзийна администрацин дола.

Ждановс-жимахволчо "Новая газетаца" ша къамелдеш аьлла, шен дена хууш ца хилла зудчунна субсиди елла хилар."Иза леррина харцонна бухакхоьссина ву я вац суна ца хаьа. И дерриг а лелла 2019-чу шеран Мангал-баттахь, Москварчу Думе депутаташ хоржучу хенахь, со цецвер вац иза цхьамма нисдина зулам хилча а", – аьлла ФБК-н директора Ждановс.

  • 2016-чу шарахь Жданов эскаре ца ваха хьовзарна бехктакхаме озийра. Ткъа цо ша бахарехь, иза 2013-чу шарахь студент а, аспирант а хилла Москварчу Кутафинан цIарахчу юридикан академехь. 2015-чу шарахь эскаре воьду шераш дIадевлла цуьнан – 27 шо кхаьчна. Шена дуьхьал и бехктакхам баккхар Ждановс дузура ша Борвихерчу харжамашна юкъавахарца а, жигара агитаци яржорца а. Цуьнан дов ца кхечира кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG