ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан харжамийн штабийн коьртехь Iийначо къайлаяьккхина шена хилла 19 миллиард са


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Петербургерчу ломан университетан ректор Литвиненко Владимир а.

Путин президент хоржуш, 2004-чу а, 2012-чу а шерашкахь цуьнан штабийн куьйгалхо лаьттинчу Петербургерчу ломан университетан ректора Литвиненко Владимира шен декларацешкахь къайладаьхьина ша даьккхина 19 миллиард сом, хаам бо "МБХ медиа" ресурсо.

Оцу хьостано бахарехь, Литвиненкос къайлаяьхьина лаххара а 2014-чу шарахь шена "Фосагро" холдинган акцех евлла дивидендаш.

Ялх шера чохь Литвиненкон компанера дакъа хьалакхиина 6%, кхаьчна 21 проценте. Акцех евлла дивидендаш ю 20 миллиарде ца кхоччуш, амма шен декларацешкахь цо ца гайтина 1,3 миллирд сом бен.

Хьостано билгалдоккху Литвиненко куьйгалхо а волуш, Путин Владимира 1997-чу шарахь диссертаци чекхъяккхина хилар, тема ю "Стратегическое планирование воспроизводства минерально-сырьевой базы региона в условиях формирования рыночных отношений" (Капитализман юкъаметтигаш кхиорехь аьрга сурсаташ дебор Iалашоне дилларх).

ТIаьхьо Литвиненко хилла "Роснефтан" коьрте хIуттунволчу Сечин Игоран а, премьер-министран Зубков Викторан а Iилманан белхийн куьйгалхо. Путин коьртехь Iийначу Петербурган мэрин арахьарчу зIенийн комитетехь болх бина цара.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG