ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Калининградехь гIуда тоьхна эскархошна-дагестанхошна. Деза лоручу хи чохь мачаш йиларна


Калиниградерчу Iиса Пайхамаран килсанна уллехь, дезачу хин хьоста чохь, мачаш йилинчу Балтин хIордакеманийн декъан эскархошна таIзар кхайкхийна меттигерчу тIеман гонан кхело. Дагестанера волу Сайханов Расул а, Магомедов Джамалуддин а ву дин лелочарна халахетар дарна жоьпе озийнарг, яздо "Коммерсанто".

Бехканна къерахиллачу Сайхановна тоьхна 100 эзар сом гIуда, ткъа къарвала ца хIоьттинчу Магомедовна – 200 эзар. ШолгIачо ша "мачаш ченах цIанъеш бен вацара", шена ца гира хьостанна тIехула кхозу икона, аьлла. Цо чIагIдарехь, ца гина цунна шеца эскарехь волчу Караханов Азада видео йоккхуш а. Шена ца хаьара охьадогIу хи "деза" дуйла, аьлла цо.

Говзанчашна эскархоша динчуьнца карийна уьш "дин лелочу нахах ца бешаш хьовзар", боху "Медиазонас".

Сацам тIеоьцуш кхело тидаме дехкина таIзар кIаддеш долу хьелаш: бехкечара нах шайна къинтIерабахар а, килсанна сагIадар а.

  • Стохка, Гезгмашин-беттан 13-чохь интернетехула видео яьржира масех жимчу стага (пхиъ вара гуш) Калининградерчу дезачу хичохь, эхьаза а лелаш, мачаш юьлуш. "Царна хIара деза хи ду, ткъа вай когаш буьлу кху чохь" – бохура цхьамма. ТIаьхьа эскархойх цхьамма, шех Расул олучо, видео яржийра шайна бехк цабиллар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG