ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Прессера: Москварчу базарахь герзаш а детташ летта дагестанхой


Москвахь, цхьа стаг а вуьйш, масех лаза а веш, иккхинчу девнан декъахь хила тарлуш бу дагестанхой, хаам бо Baza телеграм-канало.

Юьззина билгало йоцчу информацица, дов даьлла Зазадоккху-беттан 27-чохь шахьаран йистехь,"Фуд Сити" базар йолчу меттехь. Леташ дакъалаьцначех цхьаъ шена хиллачу уьрсан чевнех дIаваьлла такси чохь. Оццу буса некъа юккъехь Iуьллуш карийна шолгIа стаг, цунна масех уьрсан а, герзан а чов йина, халачу хьолехь кхачийна дарбан хIусаме. Лоьрашна тIекхачийначаралахь бу гай датIийна стаг а, кортош лазийнарш а, боху Baza-канало.

Велларг а, лазийнарш а Таджикистанера баьхкина нах бу. Дов иккхина хилла церан дагестанхошца, боху телеграм-канало, цIе ца йоккхучу хьостанашна тIе а тевжаш. Тешаша дийцарехь, дов дирзича полицино базаран кертахь лерина операци дIаяьхьина, декъахь 200 белхахо а волуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG