ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шун ишта Iадаташ ма ду". Муха ден-ненан кара ло полисхоша цIера бевдда кавказхойн мехкарий


Airport in Moscow
Airport in Moscow

Дагестанера орамаш долчу шен дех-ненах дIа а къаьстина, шен лаамехь яха лууш ю 22 шо долу Тюменера яхархо Магомедова Милана. Ткъа полици дега а, ненехьа а ю. Юьхьанца дуьйна а лууш яцара йоI хилларг нахала даккха, амма цунах гIуллакх ца хилира.

Тюменехь ехаш яра Милана деца Мусаца а, ненаца Гюлиссерца а, жимахдолчу йишица а, вешица а. Да гIишлошъяран бизнесехь ву цуьнан, нана хьехархо ю, яздо Свобода Радионо.

"Кхузахь йисар маьIне дац, яда еза

Миланас ша дийцарехь, шогачу кавказхойн Iадаташца хьалакхиина ю иза: цунна ца магадора болх бан а, пурба доцуш чу-ара яла а, да-нана тIетаьIIина цунна маре яха меттиг лоьхуш дара.

Цул совнах, доьзалехь даима а девнаш лаьттара, наггахь Миланина тIе куьйгаш а хьора: "Шога суна тIейоьрзий, со сийсаз йора нанас, цхьана дийнахь коьртах ялгIу туьйхира цо суна", - дагатуьйсу йоIа.

Цергийн лоьран дешар карадерзош яра Милана, амма цхьа шо даьлча кехаташ цигара схьаийцира цо, кхечу институте дехьаяла Iалашонца. Дас-нанас кочайоьллинчу доьшийлехь йиса ца лаьара цунна.

ЦIахь дов дара шега хьоьжуш, дуьйцу йоIа, дас туьйхира цунна Дагестанерчу кхеран дай бехачу эвла ша дIахьажор ю бохуш, кхерамаш тийсина а хиллера.

"Мичча яхана а балха яха лууш яра со, "Леруа Мерлен" туьканан кассе яхана а, амма суна пурба ца лора, - дагалоьцу Миланас. - И дерриге а бахьана долуш доттагIий а бацара сан, цхьа йоI йоцург. Чуьра араяьлла, цхьанхьа а яха аьтто боцчу йоIаца доттагIалла хьан лелор ду? Со кхета йолаелира, маьIне дац цигахь йисар. Яда еза".

Стохка шо довш интеренетехь Уфарчу 32 шо долчу Хорев Владиславца гергарло тасаделира Миланин, дех-ненах еддачу Дагестанерчу цхьана йоIах лаьцна "виртуалан новелла" цIарца цхьа ловзар кхоьллинера цо.

ЙоIана цIера йодуш гIо дан ойла хилира жимчу стеган, оцу Iалашонца Тюмене веара иза ГIуран-бутт бовш.

Кхечу пачхьалкхе дIаяха лууш хмллера Милана, иза кхоьрура Оьрсийчохь ша дена-нанна юха каряхарна, амма паспорташ дацара цу шиннан. Цундела къайлах ГIуран-баттахь паспорт даккхийтира йоIа, Керла шо дирзинчул тIаьхьа шен цхьацца оьшучу бедарех ка а тоьхна, цIера дIаяхара иза. Москва дIадахара и шиъ, цигара Туркойчу.

Стамбулехула доладелла а лелла, Владиславан а, Миланин а ойла хилира Оьрсийчу - Санкт-Петербурге юхадан. ХIетахь цигахь вехаш вара Влад. Полисхоша яздинера Милане, цуьнан дас-нанас иза лоьхуш хиларх.

Магомедова Милана а, Хорев Владислав а Стамбулехь
Магомедова Милана а, Хорев Владислав а Стамбулехь

Питерехь Владислава петар лецира Миланина, шена болх лоьхуш яра йоI, тIаккха полицина жоп делира цо.

Тюменерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехула йоьIан дега-нене хаам кхечира, иза Петербургехь хиларх. Дечкен-беттан 18-чохь Магомадова Гюллисера хаам бира, ша Питере йогIуш ю аьлла.

Милана реза яра ненаца цхьанакхета юьстахчу дозана тIехь, амма эххар а шена лаьцначу петаре йитира цо нана. Оцу буьйсанна Миланин да, "доьзалан доттагI" ву аьлла, кхин цхьа стаг цхьана а волуш, кхечира цу хIусаме. Дас туьйхира йоIана, цара бертаза шайца дIайигира иза. Оцу эпизодан аудио ю редакцин карахь.

Владиславе хаам бан ларийра Милана, шена тIаьхьа баьхкина аьлла, вукхо оцу сохьта Петербургерчу Приморскан кIоштан полисхойн декъе хаам бира, шен доттагI лачкъон гIерташ бу цуьнан гергара нах аьлла. Полисхой баханера шайга деллачу адресца, амма ницкъбина цхьа а билгало ца хааелира царна.

Оцу юкъанна цIенна герга веанчу Владислава терго йира, цунна гира Милана ара а яьккхина, машен чу хаош. Машенан суьрташ дехира Влада, цул тIаьхьа царна тIаьххьа дIа а вахана, уьш севццачу меттигера а полицига хаам бинера.

ШолгIачу адресца баьхкинчу полисхоша Милана шен гергарчу нахаца полицин декъе дIайигира, Владиславе шайна тIаьххье схьавола а аьлла.

"Полицехь цкъа хьалха дега ладуьйгIира, цул тIаьхьа соьца къамел дира, - дуьйцу Миланас. - Сайна хетарг ас дIадийцира цаьрга, цара боху: "Дика ду, хьо иштта хьайнна Iен доьналла долуш хилар, амма хьо кхеташ юй, "вербовщик" ма ву Владислав". Цига кхаьчначу "Э" Центран белхахочо а боху, иштта схема ю "вербовка" ечу нехан. Ас боху, хIа, дика ду, хилийта Хорев "вербовщик", амма суна лаа ма ца лаьа деца-ненаца дIаяха. Оцу наха нуьцкъаша со дIаюьгуш хиларх ас яздина кехат соьгара чуэцийша. Царех цхьаммо боху: "Милан, хьо кхеташ ма ю, шу ишта Iадаташ ма ду".

"Соьга хетта буьйлира, исламца муха ву, муьлхачу динах схьаваьалла ву, бохуш

Свобода Радиога Хорев Владислава дийцарехь, оцу заманчохь цуьнга хеттарш деш вара "Э" Центран белхало Громов Дмитрий: "Миланин кхечу пачхьалкхе воьду паспорт соьгахь дара. Тхан бина барт бара, нагахь санна, иза лачкъон гIортахь, иза а оьций, со цхьанхьа дIагIур ву аьлла. Церан шеконаш кхоллаеллера сох, хеттарш дан буьйлабелира, исламца йолчу юкъаметтигех а, со муьлхачу динера ву а. Громовс тIаьххьара а боху соьга, нагахь санна, ахь йоьIан паспорт схьа ца лахь, хьан проблемаш хир ю, ахь дийриг нах бохкарх йолчу артиклехь ду".

Хорев Владислав
Хорев Владислав

Миланин документаш полисхоша цуьнан дега дIаделира, Милана а санна. Тюмене дIайигира йоI.

"Со цIа еача, суна моьттура, тхан цхьа къамел хир ду, хIун ду хилларг аьлла, сайга бистхир бу. Хьалхарчу дийнахь дуьйна кхерамаш туьйсура суна, нагахь санна, кхин цкъа хьо цIера ядахь, оха хьо Дагестане дIаюьгур ю, деша а йохуьйтур яц, ас шаьш юьхьIаьржа хIиттийна, йижарийн а, вежарийн кхане хIаллакйина бохуш. Сан дейишас бохура соьга, нагахь санна, со Дагестане дIайигахь, цигахь со ен атта хир ду, ларамза бохам Iоттабелла, елла аьлла, дIадерзор ду шаьш. Со санарш дIабухкуш кешнаш ду, бохура,- дуьйцу Миланас. - Сайн да-нана сайна девза моьттура суна, ца моьттура суна, юьйр ю, кхетамах боьхна нах латточу лазартне дIалур ю бохуш, сайна цара кхерамаш туьйсур бу а".

Кхин цIера йодур яц ша аьлла, да-нана теша а дина, нерваш меттаялош ю бохуш, психологна тIе лела йолаелира Милана.
Цо бахарехь, психолога кхуьнан агIо лаьцнера, йоI сица лазар долуш яц аьлла, нене дIа а хьедеш.

"Нагахь санна, со Дагестане дIайигахь, со ен атта хир ду, со цхьанна а дага а йогIур яц

Чиллан-беттан 10-чохь Милана юха а едира - тIехь пижама а йолуш, карахь ахча, телефон а, я кехаташ а доцуш.

Екатеринбурге кхача гIо дира цунна Владислава, цигахь Маршо Радион корреспонденто вовзийтира цунна адвокат Акчермышев Федор.

Миланас а, цуьнан адвоката а Свердловскан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле арз дира. Лехамашкара дIаяьккхира Милана. Чохь Iен хIусам а карийра цунна, цул тIаьхьа шен паспорт дайна аьлла, кехаташ чуделира цо. Да-нана тIаьхьара ца долура. Миланас бахарехь, яйначу йоIах лаьцна дIахьедарш дора цара тIаьхьий-хьалхий Тюменерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле.

Екатеринбургерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера кехаташ Тюмене кхачийча, да-нана тIаьхьа кхиинера. Акчермышев Федоре телефон еттара йоьIан ананс Магомедова Гюллисера, шен йоI могуш яц, лоьрашкара кехат-тоьшалла а цхьана ду, бохуш. Телефон еттара цо Хорев Владиславе а.

Тюменерчу психотерапевта делла кехат. Цхьана а кепара диагноз яц цу тIехь билгалъяьккхина (Кехат зорбане даьккхина Магомедова Миланин пурбанца)
Тюменерчу психотерапевта делла кехат. Цхьана а кепара диагноз яц цу тIехь билгалъяьккхина (Кехат зорбане даьккхина Магомедова Миланин пурбанца)

Миланас дийцарехь, цуьнан шича Раджабов Шемал ву Тюменерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь болх беш, шеца цхьана дешначу зудаберашкара хиънера цунна, шех лаьцна цаьрга хеттарш цо динийла, боху йоIа.

Зазадокху-беттан 23-чохь Милана Акчермышев Федорца цхьана миграцин декъе паспорт схьаэца еанера.

"Массарна а дIасадоькхуш ду паспорташ, соьга олу, мухIар таIо дезаш ду, куьйгъяздан оьшу. Тхо кхийтира, оперативан белхалой хиллера кхайкхина", - дуьйцу Миланас.

Магомедова Милана Стамбулехь
Магомедова Милана Стамбулехь

Адвоката а, Миланас а дийцарехь, хеттарш дечу юкъанна полицин декъе баьхкинера Екатеринбургерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой. Майораш Сединкин Алексей а, Трубина Марина а хиллера уьш. Милана лачкъоран хьокъехь таллам беш дара и шиъ.

Кабинет чохь хIорш къамелаш деш Iачу заманчохь, Миланина вевзаш воцу "кавказхо" чуиккхинера. "Хьоьца къамел ду шен, бохуш, адвокат Федор ара текхавора цо. Массо а дIа лаьтташ бу, - дуьйцу Миланас. - И шиъ аравелира, церан карара велира эххар а Федор Федорович. Юха кабинет чу веача, бехкаш дохура цо, шайна иза мила ву ца хаьа аьлла, дерзийра вукхара къамел".

"Паспорт ца делира суна. Кхин дIа хIун дер, хууш яц

Цхьахволчу полисхочо хаам бира Милане, хьан нана ю хьоьга йистхила лууш аьлла, Милана реза ца хилира.

Миланина тIаьхьабаьхкинчу нехан машенийн суьрташ даха журналисташ буьйлабелча, уьш дIабаханера машенашкахь.

Полицин декъахь пхеа сахьтехь арадала аьтто боцуш дисинчу Миланин а, Федоран а ка елира къайладала.

Екатеринбургерчу номер 7 йолчу полицин декъехь Магомедова Миланас а, адвоката Акчермышев Федора а дIаязйина видео

"Паспорт схьа ца делла суна,- дуьйцу Миланас. Кхин дIа айса хIун дер, со хууш яц. Цкъачунна тапъаьлла Iийра ю со, чу-ара яла а кхоьру со".

PS Материал зорбне яьлла ши де даьлча Магомедова Миланина а, адвокатна Акчермышев Федорна а сурт карийра, Екатеринбургерчу номер 7 йолчу полицин декъехь шайна тIелетта волчу стеган. Иза хиллера Свердловскан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зуламхой лоьхучу урхаллан куьйгалхо Курбанов Магомедимин.

Полицин полковник Курбанов Магомедимин (аьрру агIор)
Полицин полковник Курбанов Магомедимин (аьрру агIор)

Акчермышев Фёдора хаам бина Свобода Радиога, Свердловскан Талламан комитете а, чоьхаьрчу гIуллакхийн министралле а Курбанов дIавуьйцуш, латкъам бина ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG