Красноярск-махкарчу Дудинки юьртарчу вахархочо Росгварди а, Нохчийчуьра лерина ницкъаш а парашюташца кеман тIера чукхийсабала Iемаш яьккхина видео яржийра, царех "Путинан йовсарш" а олуш. Ткъа Зазадоккху-беттан 29-чохь ша иза дина дохковаьлла хилар хаийтина цо, яздо "Сибирь. МБХ медиа" ресурсехь.
Шен цIе Михановский Иван ю боху оцу стага. Интернете яьккхинчу видеоца юхагойтуш ю цо юьхьанца яржийна хиллачу видеон кийсак а, оцу чохь ду кадрна тIехьа цо аьлларг: "Путинан йовсарш, кIезий, боьха хIуманаш".
КидIа боху цо: "Ас дукха хан йоццуш тхаьш долчу Iама баьхкину леринчу ницкъашна боьха мотт а лебеш, видео хIоттийнера. И къамел ас вехна дина. Ткъа уьш хIора дийнахь а бу тхан спорзалашка лелаш. Нахаца вуно оьзда бу уьш. Массо а бу тхоьца дика. Сайна къинтIера бовлар доьху ас кхузарчу Росгвардин бIаьхошка. Бехк ма билла суна и боьха мотт ас лебарна. Царна цхьаъ эшахь – масала, чай кховдо – со даима хир ву накъосталлехь".
Дудинкехь Рогвардинний. Нохчийчуьрчу ницкъийнний Iамораш хилира Зазадоккху-беттан юккъехь. Зуламхойн тоба хIаллакъярх кхоьллинчу кепашкахь Iамораш дIадаьхьира цара.