ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КадыровгIарех ву "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин тобанехула Пачхьалкхан Думе вахийта кечвийриг


Нохчийчоьнан куьйгалхочун маьхчин воI Кадыров Хас-Мохьмад Пачхьалкхан Думе депутат ваха лерина ву. И хаам баржийначу "Открытые медиа" портало бахарехь, "Цхьааллин Оьрсийчоь" тобан декъахь Думе боьлхурш къасточу партин праймеризехь дакъалаца лаам болуш, кехаташ чуделла цо.

Хас-Мохьмадан 30 шо ду. Чиллан-баттахь ханна Соьлжа-ГIалин мэран дарже хIоттийна иза.

Кадыров Рамзанан рогIера цIийнан стаг даржашкахь кхиа волавелира шен 27 шо долуш, 2017-чу шарахь мехкан коьрта шахьарахь полицин куьйгалле хIоттарца. Цул тIаьхьа цунах вира Устрада-ГIалин мэр, хилира иза мехкан Кхерамзаллин кхеташонан куьйгаллехь а, Кадыров Рамзанан администрацин коьртехь а.

  • "Цхьаалин Оьрсийчоь" партин праймеризехь ву иштта тахана а Думехь депутат волу Делимханов Адам а. Иза Думе доьазлагIа гIур ву.
  • Кавказ.Реалиин хаамца, Кадыровн гергарчу нахах цхьацца хенашкахь пачхьалкхан лаккхарчу даржашкахь хилла 100 гергга стаг. Шега оцу хьокъехь бехкбаьккхича, Кадыровс элира: "Суна эхь ца хета. Ас сайн халкъах, республиках жоп луш делахь, со ларавеш велахь, царна хIун бен ду, мила хир ву министр, кIоштан куьйгалхо, администрацина коьртераниг я Iедалан куьйгалхо? Сан кIезиг бу цуьнца бала".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG