ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израила юкъатоьхна Нохчийчоь шайн махкахошна кхераме йолчу меттигашна


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Израилан кхерамазаллин кхеташоно юкъатоьхна Нохчийчоь шайн махкахошна терроран кхерам болчу меттигашна хаам бо Радио Свободано. ХIора шарахь карладоккху арахецначу карти тIехь Нохчийн республика гайтина ю "вуно лакхара баккъалла а кхераме" йолу регион санна.

Иштта хаам беш бу Израилан террорна дуьхьал йолчу бюроно махкахошна хьехар дина хиларх лаьцна, оцу регионе а, ткъа иштта Нохчийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а шина а агIор дозанца йолчу меттигашка а баха оьшуш дац аьлла.

Цу хаамна дуьхала Нохчийчонан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина, Израилан кхерамазаллин Кхеташоно терроран кхераме йолчу меттигийн тептар хIоттадо "цхьамма зурма лакхарна" аьлла. Цо кхайкхам бина Израилан Iедалшка, кхеро ца оьшу шайн махкахой «боцуш болу нохчийн террорхощца» аьлла. "ТIемалой оха байъина. Шу тIаьхьадисна!", - яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Цо чIагIдарехь, Израилан махкахой жигара Нохчийчу оьхуш бу садаIа, ткъа иштта бизнес лелош а бу регионехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG