ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркела а, Макрона а дехна Путине Навальныйн могашалла гал цаяккхар


ВидеозIенехула къамелаш хилла Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Германин канцлерца Меркель Ангелица а, Францин президентца Макрон Эммануэльца а. Къамелехь Германин а, Францин а лидерша кхайкхам бина Путин Владимире шен политикан оппонентан-оппозиционеран Навальный Алексейн могашалла гал цаялийтар. Оцу хьокъехь хаам бина Францин президентан пресс-векалто.

"Партнерашца айдинчу хаттарца доьзна, долчу хьолах лаьцна оьшшу информаци елла", — боху Кремлерчу хаамо. Хилла къамел ма-дарра довзуьйтуш дац.

"Новичок" дIаьвшо талхийна могашалла метта а ялийна, Дечкен-баттахь Германера Оьрсийчу юхавеара Навальный Алексей. Политик а, цуьнан агIончаш а тешна бу цуьнан могашаллина тIекхевдинарш Оьрсийчуьра Iедалхой хиларх. Чиллан-баттахь кхело цунна хьалха "Ив Роше" гIуллакхца доьзна цIахь яккха тоьхна хилла хан набахтин хьесапе ерзийра. Владимир-махкарчу №2 набахтехь ву политик. ДIадахначу кIиранах иза леткъира, букъ а, ког а лозу шен, парггIат вижа вуьтуш вац ша, аьлла. Оьрсийчоьнан набахтийн урхалло (ФСИН) Навальныйн могашалла тоаме ю аьлла. Ткъа Владимир-махкарчу набахтеша низам лардарх тергамбечу юкъаралллин комиссин куьйгалхочунна Григорян Владимирна хетарехь, оппозицин лидеро моттаргIанаш лелайо шен могашалла дика йоцу кеп хIиттош.

Германин, Оьрсийчоьнан, Францин лидерийн къамелехь хьахаелла Украинан малхбалера ситуаци а. Меркела а, Макрона а Путинан тидам тIеберзийна Оьрсийчоьно тIеман акцеш совцорах болу а, Минскехь тIеэцна болу а барт ларбан безаш хиларна.

Иштта дийцаредина кхаа пачхьалкхан куьйгалхоша Беларусера хьал а, Шемахь, Либехь машарбар а, Оьрсийоьнанний, Европан Бартанний юкъаметтигаш а.

Оьрсийчоьно коронавирусна дуьхьал арахецна "Спутник V" Европан Бартан мехкашка кхачорах къамел а дина кхаа лидеро, боху Германин канцлеран пресс-векалто.

"Дийцарш ларамечу, парггIатчу хьолехь дIадаьхьна, барт бина массо а актуале гIуллакхаш юкъахь дицаредеш хила", — боху Кремлерчу хаамо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG