ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израиль кхера оьшуш яц "нохчийн террористех", аьлла Кадыровс


Израилан кхерамзаллин кхеташоно шайн пачхьалкхерчу бахархошна кхераме ду Нохчийчу баха, цигахь царна террорах кхерамзалла яц аьлла бина сацам ца тайна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

Цо хьоьху Израилна "цхьаьннан кийтарлонех цатешар", ткъа кхерамзаллин кхеташоне доьху "боцуш болу нохчийн террористаш" а буьйцуш, халкъ кхера цадар. Оцу хьокъехь Кадыровс яздина шен телеграм-каналехь.

Цо бохург меттигерчу телеканалехула тIечIагIдина Нохчийчуьрчу жуьгтийн диаспорин лидеро Юнаев Моисейс а. Нохчийчохь ша болх беш шена цкъа а ца хааделла туристашна зен дина, аьлла Юнаевс.

  • 2018-чу шарахь хаам баьржира, Израилан Iедал дагахь ду ломан жуьгтичух Кардашов Алексейх хилларг талла, аьлла. Израилхойн "Шах-Даг" цхьаьнакхетаралло дIахьедира, Кардашов мах баккха лачкъийна, аьлла.
  • 43 шо долу дагестанхо Кардашов вайра 2017-чу шеран Гезгмашин-баттахь. Видеокамераша гайтинера цуьнан машен оцу дийнан сарахь Нохчийчоьнан дозанна чоьхьаяьлла хилар. Цул тIаьхьа иза гина вац цхьанна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG