ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхаа кемана ховшшал бу Оьрсийчу дIабаха луурш". Оьрсийчоьно шаьш чу дитаре хьоьжуш бу таджикаш


Охан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Узбекистане а, Таджикистане а кеманаш лела дуьйлалур ду аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьно. Кху деношкахь тIеийицра оцу кепара сацам, премьер-министрца Мишустин Михаилца дагабевллачул тIаьхьа. Цкъачунна кIиранчохь цхьа рейс хир ю Москвара Душанбе гIала.

ХIора шарахь белхаш бан Оьрсийчу бIеннашкахь эазарнаш таджикаш дIаоьхуш хиларе хьаьжча, кIиранах цхьа кема дахийтар - кIезиг ду. Ткъа хIун аьлла хета шайна къинхьегаман мухIажаршна цунах лаьцна, Оьрсийчоьнан сацамах лаьцна муха ойла ю авиакомпанийн?

Коронавирус яржале хьалха кест-кеста Оьрсийчу болх бан оьхура Душанбен вахархо Диловар. Амма, хIинца цхьа шо гергга хан ю, цо дийцарехь, бан болх боцуш иза висина, хене вала аьтто а боцуш.
Тоха са а доцуш, хьоьжуш ву Диловар Оьрсийчу кеманаш леларе, хIоразза а рейсаш йоло тарло аьлла, хезча, кассе хьоду иза, билет эца дагахь. Тахана а веанера иза, билггал лелар долуш дуй-те кеманаш хьажа а, мехаш хаа а.

"Кеманаш дуьйлалуш дуй хьажа веана со. Билеташ духкучу кассехь цкъачунна цунах билггал ала хIума дац шайн боху", - дуьйцу таджика.

Охан-беттан 1-чохь кеманаш дуьйлалур ду аьлла, хаам хезна дуккха а бу, Диловар воцург а, Душанбен аэропорте баьхкина.
Рейсаш юьйлаялале ладоьгIуш бу къинхьегаман мигранташ. Къомах 70 процент бахархой къинхьегаман мухIажарша кхоьхьуьйтучу ахчанах хене буьйлуш бу.

Иттаннашкахь хилла ца Iаш, бIеннашкахь эзарнаш бу Оьрсийчу балха баха хьаьгна, оцу юкъанна, царех дукхахберш Москва баха дагахь бац, кхечу регионашка а цхьана дог дохуш бу.

"Iаламат дукха бу дIабаха луурш. Цхьа кема тоаме хир дац", - боху, Диловар а санна, билет эца веанчу кхечу стага.

"КIезиг ю цхьа рейс, кIезиг ю. Оцу кемана ховша лууш дукха бу", - тIетов цунна кхин а цхьа Душанбен вахархо.

"Дукха нах бу кхузахь бисина, дIабаха аьтто боцуш. ХIокху кемана билеташ дохка доладахь, кассашна хьалха нах вовшех летар бу. Чакхармашкахь еха хир ю раьгIнаш", - бохуш, дуьйцу кхин а цхьана таджика.

"Оьрсийчу балха баха лууш суна бевзачаралахь кхаа кемана ховшшал хир бу", - дуьйцу аэропортерчу цхьана таджика.

Стохка аьхка нах дIасалелочу Таджикистанерчу авиацин Агенталло дIахьедира, шаьш кийча ду Оьрсийчоьнца кеманан дозанаш даста аьлла. Амма, Оьрсийчоьно жоп делира, Таджикистанехь пандемин хьал зен деза шаьш аьлла. Иштта дIадахделлера церан цхьа сацам бар.

Ткъа хIинца, ун ца даржийта Iалашонца вовшахтоьхначу Оьрсийчуьрчу оперативан штаба Таджикистане кеманаш лела дуьйлалуш хиларх дIахьединашшехь, официалан Душанбена цунах лаьцна хууш хIума дац.

"Оперативан штабан омра селхана бен Iора ца даьккхина, уггар а хьалха Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсийн кара кхаьчна иза. Таджикашна билггал дозанаш доьллуш хиларх официалехь кехат даре хьоьжуш ду тхо, - кхетадо хьолах Оьрсийчуьрчу Таджикистанан векало Саттори Имомуддина.

КхозлагIчу махкахула Оьрсийчу баха йиш хир юй-те церан, билггал кIиранах Москва-Душанбе цхьа кема бен хир дац-те, ишта кхин дIа долчу а хеттаршна жоьпаш хилийтархьама кехат даре хьоьжу тхо. Хеттарш дукха ду тхан оцу сацамца доьзна".

Оцу юкъанна, Таджикистанна а, Оьрсийчоьнна юкъахь саццанза дIасалелаш чартеран рейсаш ю.Душанбен аэропортехь оцу кепара чартеран кеманаш дIасалелар долуш ду Охан-бутт баллалц.
Оцу рейсашца Оьрсийчу баха бакъо ю, цу пачхьалкхехь баха бакъо йолчийн а, церан гергарчийн а, иштта дарбанна баха а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG