ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сахалинерчу "Ахмат" клубехь кегийрхой лецар зен долийна Талламан комитето


Оьрсийчоьнан Талламан комитето зуьйш ду Южно-Сахалинскерчу латархойн "Ахмат" клубехь кегийрхой лоьцуш ницкъхой бакъонашца совболар, боху меттигерчу прокуратурин сайто. Юьйцучу спортан клуба чулилхина хилла леринчу ницкъийн тоба, лехамаш дIабаьхьина, бераш цIенкъа дийшийна а латтош, боху "Сахалин.инфо" ресурсо.

Берех цхьаьннан гергарчо тоьшалла дина ницкъхоша бераш цIенкъа дийшийна латторах а, тIаьхьо уггаре жимачарна арадовла магийна хиларх. Бераш Iадийна дара, дуьйцу шен цIе ца яьккхинчу тешо. Амма "Ахмат" клубан тренера Меджидов Явера, иза бакъ дац, клубехь дан а дацара оцу хенахь бераш, аьлла "ОТВ Сахалин" телеканална ша еллачу интервьюхь.

Цо дийцарехь, сарахь 7 сахьт даьлча чекхдовлу Iамораш, ткъа цIийнах ницкъхой хьаьвсина тIаьхьо. МК газето бахарехь, ФСБ-н а, Росгвардин а ницкъаш хилла цигахь террорхой лохуш. Лаьцна 15 стаг, боху РИА "Сахалин и Курилы" агенталло.

  • Латархойн клубана "Ахмат" цIе тиллина Нохчийчоьнах куьйгалла деш хиллачу Кадыров Ахьмадан хьомара. Клуб кхоьллинарг а, дIалелош верг а ву Кадыров Рамзан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG