ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь нах оьгIазбахна Оьрсийчохь арахецначу "Топи" сериалерчу нохчийн йоьIан вастана. Авторна кхерамаш туьйсу


Социалан машанашкарчу нохчийн пабликашкахь кхерамаш туьйсу Оьрсийчуьрчу яздархочунна Глуховский Дмитрийна. Бахьана ду цо сценарий язйина йолу "Топи" ("Калдаш") сериал араялар.

Сюжетан цхьа дакъа ду сериалехь Эля цIе йолу нохчийн йоI гойтуш – цуьнан васт ловзош ю актриса Володчинская Софья. Цу чохь йоI йоду шена тIехьийзачу нохчочух Топи юьрта.

Володчискаяс васт хIоттош йолу йоI эвхьаза гойту меттигаш ю сериалехь. Нохчийчуьрчу тIемийн тема а ю хьаеш. И дерриг а ца тайна социалан машанашкарчу нохчийн сигментех пайдаоьцучарна.

"Топи" сериалехь нохчийн къоман а, нохчийн зудчун а сий ду бехдеш. Оцу сериалахь цхьана оьрсийн актрисас (Володчинская Софья Исааковна) нохчийн зудчун васт ловзадо, маьттаза лелаш гойту, дехар ду цунах дерг социалан машанашкахула даржор", – боху цхьана хаамехь.

"ХIинца дуьйна дIаса а хьожуш лела… Цхьана видеохула нах къинтIера бахарх тоаме хир дац хьуна", – яздо кхечу авторо.

Сериална резабоцчийн посташкахь Глуховский Дмитрийна тийсина ца Iа кхерамаш, туьйсу нохчийн йоьIан васт ловзийначунна а.

"Шайн зударех лаций яха ма-луъу кинош, ткъа тхан, йоьIан сий лахдича, къаьхьа мах луш ду. Леррина йина провокаци ю иза. ХIинца цхьамма цхьаъ дийр ду, тIаккха делха хIуьттур ду шу. Цул ца хьедича атта ду хьедан мегаш доцург, хьадан хьовха – дага даийта а", – яздина Глуховскийга инстаграмехь "__grozny___95__" ник йолчу стага.

"Кестта хьоьга жоп доьхур ду, шек а ма вала хьо", "Ахь жоп лур ду оцу фильмерчу нохчийн йоIах, доллучунна а шен зама ю", – яздо кхечу комментатора.

  • Глуховский Дмитрий оьрсийн яздархо, журналист, сценарист, радиопрограмма лелорхо, тIеман корреспондент ву. Вовза воьлла иза "Метро 2033" роман арахецча. Цуьнан "Топи" сериалан премьера хилла интернетерчу "КиноПоиск HD" платформехь 2021-чу шеран Дечкен-беттан 28-чохь.
  • Хьалхо, кхушара, критика ян а, кхерамаш тийса а долийра социалан машанашкахь Къилбаседа Кавказехь ламасташ дохош лелачу зударшна тIехь лаьттачу кхераман хьокъехь "Редакция" ютуб-каналехула арахецначу документалан фильман авторшна.
  • ДIадахначу шеран тIаьххьарчу беттанашкахь кхерамаш тийсира "Дождь" телеканалан журналисташна, цара доьзалшкахь ечу гIелонах бевддачу Къилбаседа Кавказерчу зударех лаьцна фильм яккхарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG