ГIалгIайн жигархойн бехк зуьйш талламчаша лебинчу тешашкара дареш низамехь йоцчу кепехь даьхна -иштта ду Зазадоккху-беттан 31-чохь жоьпе ийзийначийн авдвокаташа йоьдучу кхелехь дина дIахьедарш.
Цара бахарехь, таллам дIахьош низамлардечу хьукматийн белхахоша дареш даха талламчашна тIе ницкъаша балош хилла тешаш, хоуьйтуш ца хилла царна шайн статус. Цундела тешаша, шаьш цхьана зуламна бехкедарна кхоьруш, харц дареш дина хила а тарло, аьлла адвокаташа.
"Тешаш Iуьйранна пхи сахьт даьлча лецна, церан гергарчарна а беш хилла ницкъ", – дIахьедина "Фортанга" ресурсе адвоката Куриев Мохьмада.
И информаци бакъхилар тIечIагIдина юриста Беков Мохьмада а. Цо дийцарехь, туьтмIажигашкахь хиллачу ницкъхоша тешаш дIагулбина Магасе, Талламан комитетан урхаллехь латтийна уьш, шайна низамо луш йолу бакъонаш а ца йовзуьйтуш.
Зазадоккху-беттан 31-чохь левина пхи теш, царех кхоъ эшам хилла лору Росгвардин белхахо а вара. Цара дIахьедира, 2019-чу шеран бIаьста хиллачу гуламехь нах дуьхьало ян ир-кара хIиттош хьийзира аьлла ца хета шайна тахана жоьпе ийзийнарш, боху адвоката Точиев Башира.
"Оха юридикан тIекарло ечу тхан клиенташца дика бу тешаш. Цара ца лору шаьш бехк тIехьочийн агIо, реза а бац оцу хьолана", – билгалдаьккхира Точиевс.
- Кхеле балийна протестан декъашхой дуьхьаллаьттина Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний дозанаш къастош бинчу Iедалан сацамна. Царна бехкедо экстримистийн тоба вовшахтохар а, 2019-чу шеран бIаьста лаьттина гулам дIасабоккхуш Iедалан ницкъашна нах дуьхьалбахар а.
- "ГIалгIайн протестан" гIуллакх айдеш лецира 48 стаг, 30 сов стаганна кхайкхийна набахти. 2021-чу шеран Чиллан-беттан 26-чохь оццу девнаца доьзна лаьцна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Погоров Ахьмада а.
- Кхеле ийзийна гIалгIайн протестан жигархой политикан тутмакхаш лору бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред. билгалдаккхар)