ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростовхь ша-шена тапча тоьхна велла рак-цамгаро хьийзош хилла мозгIар


Къилбан гонерчу Росгвардин эскаран мозгIар, протоиерей Немыкин Андрей велла карийна Ростовхь. Цунах лаьцна хаам бина Донерчу митрополин пресс-векала Петровский Игора.

Цо бахарехь, мозгIаро куьг даьхьина шена тIе. Цунна уллехь Iуьллуш карийна цуьнан зудчунна эскарехь совгIатйина тапча а, валале яздина кехат а, шегахь кхин ницкъ бац лазарш лан, яздина цо, боху 161.ru ресурсо.

Немыкин рак-цамгар йолуш вара, дуккха хенахь дуьйна хьийзавора букъца долчу лазаро, халла лелаш вара, билгалдаьккхина Петровскийс.

55 шо хилла Немыкин Андрейн. Ростоврчу Донской Дмитрийн килсан тIехьажархо а, Ростоврчу епархехь эскарийн а, къепелатточу хьукматийн а юкъаметтигаш чIагIъечу декъан куьйгалхо а, Нохчийчохь тIемаш бина ветеран а хилла иза.

2014-чу шарахь Москвахь ша-шен вийра контр-адмирала Апанасенко Вячеслава, онкологин цамгар йолчу цунна луш ца хилла лазарш лахден молханаш. Цо шена тIе куьг даьхьинчул тIаьхьа прессехь бийца бехира и санна болу иттанннаш хиламаш. Цул тIаьхьа Роскомнадзоро хаамийн гIирсашна дихкира и тайпа бохамаш бовзийтар.

2019-чу шарахь Пачхьалкхан Думехь арахийцира паллиативан медицинах долу низам. Цо бакъо ло цомгушчарна ницкъала долу а, наркотик шайца йолу а молханаш лелон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG