ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалахь полисхоша гIело йина шайн коллегина, ткъа хIинца латтош ву иза кхела хьалха гоне лаьцна


ХIинжа-ГIалахь еарин сарахь дуьйна голаьцна латтайо полисхоша Дагестанан коьртачу шахьаран полицин буьйранча лаьттинчу, терроризмана аьтто барна бехкевечу Ашиков Раипан девнехь теш волчу Гаджиев ИбрахIиман машен. Цуьнца цхьана машен чохь ву кху ерриг а хенахь бакъоларъярхо Гасанов Джамбулат а.

Кировн кIоштан кхелан цIийнан неIарш шина агIор лаьцна ю, гонах лаьтта герзаш карахь полицин белхахой, ца вуьту чу цигара белхахо воцург. Тергамбечу Юкъараллин комиссин декъашхой а, ур-атталла Гаджиевн адвокат а вац чувуьтуш. Болам муьлхачу бахьаница гIаттийна официалехь ца хоуьйту Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло.

Охан-беттан 1-чохь Кировн кIоштан кхелехь луьсташ дара Гаджиевга административан жоьпалла доьху дов. Иза бехкевора Зазадоккху-беттан 31-чохь шен цIийнах хьовса баьхкинчу полисхошна дуьхьалоярна. Оцу дийнан Iуьйранна Гаджиев ИбрахIим дIавигира туьтмIаьжигашкахь болчу ницкъхоша. Хоуьйтуш яцара вигина меттиг я адвокатна а, я гергарчарна а. ТIаьхьо адвоката Магомедова Сапията дIахьедира, Гаджиевна полицехь ток йиттина хиларх лаьцна. Хиллачу чевнашна тоьшалла хIоттийра орцан медицинан лоьраша.

ШолгIачу дийнахь кхеле вигира Гаджиев ИбрахIим, цигахь кхочуш ца дира полицино дар дехна таIзар, мукъаваьккхира. Амма кхел йирзича, Гаджиевн машен гоне лецира полисхоша, иза левар тIедожош. Кхелан цIа чу я прокуратуре Гаджиев кхачо реза ца хилира полисхой. Цара полице ваха везаш лору шаьш гонелаьцнарг. Хоуьйтуш дац муьлхачу бахьаница латтаво сацийна.

  • Гаджиев ИбрахIим ХIинжа-ГIаларчу полицехь болхбина ву. Иза теш санна кхеле ийзош долу дов Ашиков Раипна дуьхьал айдина 2019-чу шарахь. Дагестанан коьртачу шахьаран полицин буьйранча хилларг бехкево терриризманна ахча латторна, полисхочун дахарна тIе куьгдахьарна, даржехь совваларна. 2020-чу шеран гурахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листа тIеэцна Ашиковн арз.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG