ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвана гергахь ФСБ-н белхахошна тIе герз диттинарг чохь волу цIа Нохчийчоьнан экс-премьеран хилла


Москвана уллерчу Мытищи гIалина гергахь Зазадоккху-беттан 30-чохь полицина а, ФСБ-н белхахошна а дуьхьал чуьра герзаш диттина цIа ду Нохчийчохь министрийн кабинетан куьйгалхо а, ханна президент а Iийначу Абрамов Сергейн. Иза 2004-2006-чу шерашкахь вара премьер, ткъа президентан декхарш ханна кхочуш дира цо Кадыров Ахьмад вийначул тIаьхьа, 2004-чу шеран Стигалкъекъа-баттера Марсхьокху-бутт боьрзучу кхаччалц. Цул хьалха Нохчийчоьнан ларамаш бечу палатехь бюджетан харжаш тергалъечу инспекцин куьйгалхо а, финансийн министр а хилла иза.

Герзаш детташ Мытищи гергарчу Новые Вешки юьртахь дагийна цIа хьалха Абрамовн хиллийла хоуьйтург ю Радио Свобода. Журналисташкахь йолчу информацица, 2001-чу шарахь даьлла лаьттан дакъа цуьнан дола, ши шо даьлча хьаькаман цIа дина даьлла цу тIехь. Иштта билгалдаьлла исс сахьтехь Барданов Владимира Iедалхошца чуьра дIа тIом бина цIа Абрамов Сергейна дина хилла тарлуш дуйла. Ша иза реза ца хилла информацина комментари ян, амма харц а ца бина хаам, боху Радио Свободин журналисташа.

  • Зазадоккху-беттан 30-чохь ФСБ-н а, полицин а белхахой баьхкина Бардановн хIусаме Новые Вешки юьрта, гайтина цуьнан зудчунна, чохь герз хила тарлуш ду аьлла, цIийнах хьажа кхело делла пурба. Барданов, Iедалхой чу ца буьтуш, корехула маса топ етта волавелла, гранаташ а кхуьйсуш. ТIелеттачу Росгвардин леринчу ницкъаша кхийсинчу серло-тата доккхучу герзах, гарехь, цIеяьлла коттедж чохь. Баьржинчу хаамца, дахарна кхераме доцчу хьесапехь лазийна цигахь цхьа ницкъхо. Ткъа герзашца дуьхьало йинарг карийна цIергахь ваьгна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG