ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу кхело ши стаг бехкевина школин хьехархочух латарна


Нальчик гIалин кхело Гацалов Артур а, Темукаев Тамерлан а бехкевина бераца иккхина конфликт бахьанехь школерчу хьехархочунна еттарна, хаам баржийна "Интерфаксо".

Шинна а тоьхна цIахь такха ши шо.

Нальчикерчу №2 лицейн дешархочунний, хьехархочунний юкъа конфликт юьйлира Лахьан-баттахь. Дешархочо арздина хилла шен девешига Гацалов Артуре.

Талламан версица, лицей веъначу Гацаловс а, цуьнан накъоста Темукаевс а классера аракхайкхина хьехархо. Цхьаммо еттачу юкъанна, шолгIачо лаьцна латтийна иза, тоьхна масийттазза.

Ткъа Гацаловс а, Темукаевс а дечу тоьшаллица, директорца "къамел дан" вахана иза шиъ, амма цига чуиккхинчу хьехархочо Мальбаховс травмат-тапча йиттина, патармаш кхачийча урс а доккхуш.

Дов дирзина шиъ лазорца – тIелеттарг а (цунна тапча кхетта), Мальбахов а. Хьехархо чевнашца дарбан хIусаме кхаьчна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG