ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн тележурналист вуьйш декъахь хилларг лаьцна Москвахь


Кокурхоев Амирхан
Кокурхоев Амирхан

Москвахь лаьцна талламах лечкъаш лелла Котиев Ризван, хаам баржийна ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхалло. Иза бехкево махкарчу телегойтийлехь программа лелош хилла журналист, ГIажарий-Юьртан вахархо Кокурхоев Амирхан вуьйш дакъалацарна.

Диъ шо дара Котиев федералан лехамехь волу. Иза Гуьржехула Туркойн махка а вахана, цигара Европе кхаьчна аьлла яра юьхьанцара информаци.

Талламан версица, Кокурхоевца "дов даьккхина хилла дахаран хьелашца доьзна" лулахочо, хIинца лаьцначу Котиевн дас, 2017-чу шеран Дечкен беттан 1-чу дийнахь. Ризван, юкъа а воьлла, лета волавелла Кокурхоевх, шен дега иза вен бохуш мохь а бетташ. Журналистана урс тоьхна. Хиллачу чевнах велла иза. Котиевн дас бехк шена тIеэцна, амма низамхоша да а, воI а цхьабосса декъахь лору зуламна.

ХIинца Котиев Ризван даймахка юхавалийна.

  • Кокурхоев Амирхан телепрограмма лелош а, Соьлжан кIоштарчу администрацехь пресс-векал а хилла.
  • Соьлжан кIоштан кхело Котиев Ризванан да бехке а вина, набахте хьажийра 8,5 шарна. Ша Котиев зулам динчу меттера ведира, лаца кхайкхийна вара иза зулам дан да хьалхатоьттуш хьийзарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG