ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шегахь хилла зуда а, воI а оьккхуйту ша бохуш хьийзина Кхарачой-Чергазийчохь вахархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Усть-Джегута кIоштан (Кхарачой-Чергазийчоь) вахархо хьийзина, ша шегахь хилла зуда а, юкъахь вина кIант а оьккхуьйту, бохуш, хаам бо республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло.

Талламчаша бахарехь, 54 шо долу вахархо вехна веана хIусаме, дов эккхийтина, карахь гранатах тера коьчал а йолуш, ша хIаллакбийр бу чуьранаш бохуш. Чуьраваьлла хьийзачу дегара оьккху коьчал хила тарлушъерг дIаяьккхина кIанта. И коьчал тIаьхьо сапёраша кхерамах паргIат а яьккхина, экспертиза ян дIаяьхьина.

Зулам динарг лаьцна, дареш даьхна цуьнгара низамхоша.

  • Заздоккху-баттахь Москвахь гайтам хIоттийра Къилбаседа Кавказехь доьзалшкахь ницкъ беш хилар довзуьйтуш. Цуьнан автор яра ГIалгIайчуьра суртдиллархо.
  • Зазадоккху-беттан 8-гIа де тIехIуттучу буса Къилбаседа ХIирийчуьрчу вахархочо шен зуда йийра, цул тIаьхьа полице телефон а тоьхна, велира ша-шена тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG