ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 20 стаг, цомгуш хилла кхин а 357


ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус кхеттарца билгалваьлла 20 пациент велла Къилбаседа Кавказехь. Цамгар гучуяьлла кхин а 357-нца.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан информацица, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгар кхеттачу нахах велла 12 стаг, Ставропол-махкахь – 4, Къилбаседа ХIирийчохь – 2, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь, официало чIагIдарехь, уьнах велла 8645 стаг.

Уггаре дукха бу коронавирусо дийнахь-буса лецна нах Краснодар-махкахь – 109 стаг.

Дийнахь-буса а, ерриг хенахь а COVID-19 цамгар хьакхаелларш:

  • Краснодар-мохк + 109 (42 808 ерриг а заманахь)
  • Ставропол-мохк + 83 (50 870)
  • Дагестан + 41 (31 221)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 40 (22 962)
  • ГIалмакхойчоь + 25 (20 055)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 14 (19 743)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 16 (16 401)
  • ГIалгIайчоь + 10 (15 158)
  • Нохчийчоь + 10 (11 704)
  • Адыгей + 9 (14 140)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь верриг а коронавирус лаьцнарг ву, Iедалан терахьашца, 245 062 стаг. Ерриг а Оьрсийчохь и цамчар кхеттачийн терахь ду, Оперативан штабера Охан-беттан 3-чу дийнналц йолчу информацица, 4 580 894.*

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чуоьцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG