ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь велла коронавирусах 19 дархо, ун даьлла кхин а 334 стагана


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 19 пациент, вирус къаьстина кхин а 334 стагаца.

Официалан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина COVID-19 уьнах 11 дархо, Ставрополан махкхаь - кхоъ, Адыгейхь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а - цхьацца велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь велла COVID-19 вирусах 8 664 пациент.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Краснодаран кIоштахь - 103 стаг.

Краснодаран кIошт+ 103 (42 911 – ун даьржичхьана)
Ставрополан мохк + 58 (50 928)
Дагестан + 43 (31 264)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 40 (23 002)
ГIалмакхойчоь + 23 (20 078)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 17 (16 418)
ГIалгIайчоь + 14 (15 172)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 13 (19 756)
Адыгей + 12 (14 152)
Нохчийчоь + 11 (11 715)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 245 396 стаг ву COVID-19 вирус токхуш. Йоллу Оьрсийчохь ву уьнца, Iедалхойн хаамашца, 4 589 540 стаг.

*Оьрсийчоьнан статистико лору аннекси йинчу ГIирмера хьал а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG